|
Хаттар:
БисмиллахIиррохьмаррoхьим.
Хастам бу АллахIана. АллахIера салават, салам а Цуьнан элчанна Мухьаммадана
а хуьлийла. Цул тIаьхьа:
Лераме ваша Олхазар! Хаттар дийриг Abdullah ву. Кху тайпа хьал тIехIотта
таронаш алсама хиларна, къаьсттина вайн махкахь, хоьтту ас. Олучо бух балош
ца хьахийнехь а, олуш хезнера суна: ...шахIидах йисина Iаш йолу зуда, (бер
долуш, доцуш), шен цIийнада гIазотехь (тIамехь) кхелхина, иза йуха маре йаха
ца мега, гIазотехь (тIамехь) къахьоьгуш волчуьнга бен...
Кхунах дерг йазъдехьа суна.
Бух болуш, лелайчи сийлахь долуш, дахарна а, динна а, кханалерачу денна а,
пайдехь дерг, хаа а, лело а лааркха.
АллахIа, айхьа Iамочу Iилманехь са воккхийла хьо! АллахIа диканца бекхам
бойла хьуна а, АллахIан Дош дIакхайкхорехь, дуьненчохь и лакхадаккхарехь,
къа мел хьоьгуш волчу къонахчунна а! АллахIумма амин.
Жоп:
БисмиллахIиррохьманиррохьим.
АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала
росулиллахI!
Лераме ваша IабдуллахI! И
хIума суна девзаш йа хууш хIума дац. Хетарехь, шариIатехь бух болуш хIума
дац иза.
Хьуна Дела реза хуьлда хаза
дешнаш аларна. Дала и ахь суна дехна долу массо хIума а, цул гIолийниг а
лойла хьуна.
Ткъа дика хуург сийлахь-веза
волу АллахI ву!
17.01.2012 = 23.02.1433
|