|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! ... (Бусалба йиша ю хоьттуш, шен хIусамда интернет чухула хийра зудчуьнца къамелаш деш хилча ша хIу дича бакъахьа ду?).
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! Хьан са гатделчи а, хьуна хала хетчи а хьуна билла бехк бац. Хьан хIусамдас дийриг а, лелориг а дика хIума ду аьлла а ца хета суна. Бакъду, цо иза къайлах лелош делхьара, кхоно иза хьуна гучадаьлча хьуна кхин а чIогIа халахета тарлора, хьо кхин а чIогIа оьгIаз йаха а тарлора. Дика хир дара цо и хIума йа хьуна гуш а, йа къайлах а ца леладахьара. Ткъа, ахь дича дика хир ду аьлла хеташ долу хIума дуьйцуш цхьа масех хьехар дийр ду ас хьуна. 1. Лераме йиша! Хьайн майра кхечу зударшка хьашт долуш ма хилийта. Кхечу зударшка къамел дан цуьнан хьашт а ма хилийта. Кхечу зударшкахьа цуьнан ойла а ма латтийта. «И ма хилийта-м боху ахь, ас муха хулуьйтур вац иза иштта?» - аьлла хаттар кхоллалур ду хьан ойланехь. Цунна жоп иштта ду: майрачуьнан а, зудчуьнан а шаьшшина къаьсттина дахар ду, эвхьаза дахар. Цу дахарехь ахь массо кепара долу бахьанаш лело деза, цуьнан ойла кхечаьрца ца латтийтархьама. Зуда Дала кхуллучу хенахь дуьйна эхь хеташ кхуллуш ю, эхь хеташ хилар дика хIума а ду, делахь а хьан майрачуьнан ойла акха яла йолаеллехь, хьуна хаа деза: майрачунна а, зудчунна а юкъахь оцу балха тIехь дукха эхь хеташ хилар дика дац, цу балхехь эхь хетаро цаьршинна юкъахь хийро лоттуьйту. Майрачо а, зудчо а вовший массо агIор марзо эцар Дала хьанал дина ду, ши хIума доцург: зуда ламаз юхучу хенахь дерг а, доккхачу гIулкхана аравахарехь дерг а. КхидIа дерг массо хIума хьанал ду. Цундела, хьайн майрачунна хьаста а ло, кеч а ло, иза Iеха а ве, цуьнца ловза а ловза, эхь а ма хета. Хьо эхь хета бохуш Iахь, майра воцуш юьссур ю хьо, доьзал а бухур бу хьан. Ткъа массо хIума хIинца кхузахь ца дийцича а, оьрсийн маттахь яздина дуккха а ду хьуна цунах лаьцна. 2. Хьайн дахарна а, хьайн хьекъална а, айхьа хьайна а тIехь ойла йе. Хьайна цхьа пайдане дан хIума караде. Масала, «саморазвити» юьйцуш йолу «книгаш» еша хьажа, царна тIехь дерг хьайн ницкъ кхоччург кхочуш дан а, лело а хьажа. ХIокху дахарехь хьайга хIун лар йиталур яра-те алий ойла йе. Иштта ойла йаро хьан дахарехь дукха хIума хуьйцур ду аьлла хета суна. Хьайн цхьа дешар деша аьтту белахь, хьайна пайденна долу цхьа Iилма Iамо хьажа, деша хIотта хьажа, керла мотт Iамо хьажа, йа иштта цхьа кхидолу хьайна дуьненахь а, эхартахь а пайденна хир долу хIума Iамо хьажа. Хьо цхьаъ деш хилар – оьшучул совнаха ахь са ца гатдаран бахьана хир ду. 3. Хьайн хIусамдега, иза паргIат волчу хенахь, шаьшшиъ цхьана долчу хенахь, цунна халахетар доцучу кепара йистхила, «серьезно», даггара йистхила. Хьайна иза веза а ала цуьнга, хьайна иза оьшу а ала, и ца хилча хьайн дахар хьайна доцуш санна хета а ала, хьайна цуьнца ирсе самукъане яха лаьа ала, тIаккха цо иштта и хIума лелоро хьайна новкъарло йо ала, хьайгахь даим сингаттам лоттуьйту ала, цо хьайн дахар хала до ала. Хьуна иштта и хIума хиларан бахьана хьуна иза везар а, эшар а ду ала. Цундела, «сох къахете, ас хьан ма-барра сан лерам бей, и хIума ма дахьара ахь» ала. «Ахь боххучу кепара хьо ирсе ван гIоьртар йара со, хьуна луъург дийр а дара ас, Дела оьгIаз вохуьйту хIума ца хилчахьана, массо агIор хIинццалц хьо реза ван гIерташ схьа а еънера со» ала, «кхидIа а иштта чекхъяла реза а ю со; хьоьгара цу хIуманна гIо а доьху ас» ала. Шен кийрахь жимма а дог долуш и велахь, ахь иза ма-аьлла сихха жоп ца лахь а, хьоьга ладугIур ду хьуна цо. Бусалба стаг вац иза? 4. Йоха ма йоха! Хьайна тIе мел йоккха хало хIоттарх йохий ма хьовза. Дала вай хIокху дуьненахь тайп-тайпана халонашца зуьйш ду. Цундела вай собаре хила а деза, хьекъале хила а деза, Дела реза воцург ваьшкара далийта а ца деза. Хьайна тIехIуьттуш йолчу халонашна доьхьал е́лалуо. Оцу халонах хьайна пайда хуьлу агIо муха ю а хьажа, йа и хало пайдане ерзо а хьажа. Да́лош долу масала жимма доккха делахь а, кхечу «теманехь» делахь а, ала лаьа суна: цхьана Iилманчо олуш хезира суна, Iаьмиркахой, ойла йар тIехь а, ойла йаран некъаш довзарна тIехь а чIогIа хьалхе яьккхина генабевлла бу аьлла, шайна цхьа доккха зен хилча оцу зенах шайна пайда муха бийр бара ойла йо цара, и зен шайна пайдане муха дерзор дара хаьа царна. Цо дуьйцург 11 сентябрь а, цул тIаьхьа бусалба мехкашкахь Iаьмиркас динарг а дара. Ткъа и хIума муьлхха а адамо шен дахарехь лело йиш йолуш ду: шена хьалха хIуьттуш йолу халонаш шена пайденна ерзо хьажар. Цундела ахь а ойла йе, хьайга оцу айхьа дуьйцуш долчу хIуманах хьайна а, хьайн хIусамдена а, хьайн доьзална а, шайн дахарна а хIун пайда балур бара. 5. ТIаккха, и дерриге бахьанаш лелорца цхьаьна, АллахIе доIа дар а, Цуьнга хьайна хьайн дахарх а, хьайн доьзалх а, хьайн хIусамдех а беркат дар дехар а диц ма де. Делера гIо лаха хьайна, оцу хьайна тIехIоьттина йолчу киртигах яла ма-езза чекхйа́ла. Цуьнга хьайна нийса некъ гайтар а деха. Айхьа муьлхха а бахьана лелочу хенахь, хьайн болх берриге Цуьнан кера дIалуо, тIетовжар Цунна а хилийта. 6. Стагера а, зудчуьнгара а гIалат долуш хуьлу хьуна. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: "Массо адамера гIалат до́лу. ГIалат до́лучерах уггар дика берш - (шайгара даьллачу гIалатана) тоба дийриш бу".[1] Цундела, тахана шайтIано ойла хьовзийна лелаш велахь а, кхана тоба а дина дохко вала а мега хьуна хьан хIусамда, цул диканиг кхин хьуна цкъаъа хир воцучу кепара. Оцу таханлерачу вочу хьолехь иза даим лаьттар ву олийла ма дац. Дала мукъа лахь, дикачу агIор хийцалур ву иза. Ткъа хьо, цундела, цунна гIоьнча хила еза. Дала гIо дойла хьуна! Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 12.03.2011 = 07.04.1432
| КхидIа |