Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум сан бусулба ваша! Сан цхьа хаттар дара хьоьга:  муьлха доIа дан деза Деле доьхаш, йа муьлха сурат деша деза, сайна ницкъ балар доьхаш йа хьекъал далар доьхаш?
Томехь ца хила мега ас хоттург, БЕХК ЦА БИЛЛАР доьху хьоьга. ЦIийнада керста зудчунца "гергало" дIа ца даккхалуш "в зависимости" ву аьлла хеташ ю со. … Тхуна дика да а, цIийнада а ву, но… и гергарло дIахадийта ма лаьара суна… И шиъ девзаш долу дуккха шераш ду, суна хууш доцуш со ялоле дуьйна а хилла ду. Нюансаш дукха ю, ша дерг язда томехь дац. АллахI реза хуьлда хьуна. Аллаха гечдойла вайн массарна.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме йиша! ХIусамда шен доьзалал арахьа хьежаран бахьанаш дуккха ду. Масала, оцу гIулкхах лаьцна яздина болчу Iилманчашна юкъахь и бахьанаш шовзткъа гергга хьахийнарш а бу. Хьан хьолехь билггал хьуна хаа дезарг – иза иштта акхаваьлла леларан бахьана хIун ду довзар ду. Ахь цхьадерш дийцира, уьш бахьанаш дац а элира ахь. КхидIа а дикка ойла йан еза, и бахьана довзар тIехь, хIунда аьлча билггал долу дарба оцу бахьанна дарба лелийча бен ца хила тарло.

ТIаккха, доьзалан дахаран Iилманчаша дийцарехь, цIийнада иштта леларан бахьанашна юкъахь дукха хьолехь уггар коьрта ши бахьана хIара шиъ ду: (1) динца и стаг гIийла хилар, цуьнан ийман гIийла хилар, АллахIах кхерар кIезга хилар, Iесалла цунна атта хетар; (2) стеган дегIан а, синан а марзонаш кхочуш ца хилар, хуьлийла иза безам, йа зудчуьнан агIор тоам боллуш марзо ца хилар, йа кхин а доккха долу «дегIан марзо» тоам боллуш кхочуш ца хилар (майрачуьнан зудчуьнца хуьлуш долчу эвхьазчу дахарехь цуьнан хьашт кхочуш хуьлуш ца хилар). Цундела, и доьххьара вай хьахийначуьнца цхьаьна хIокху шина хIуманна тIехь дикка ойла йан еза ахь, тIаккха оцу шина хIуманца шайн дахар хIинца долчул кхин а дикчу агIор хийцар тIехь къахьега а хьажа еза хьо.

Динца дика хилар, ийман лакхадаккхар, АллахIах кхерар, Iесаллех ларвалар… Хьуна ма-хаъара, иштта волу стаг вон хIума даим лелош хир вац. Цхьаволчуьнгара наггахь цхьаъ дожа мега, делахь а иза цу тIехь даим лаьттар вац. Иштта волчу стеган дахар а ирсе хир ду, дуьненахь а, эхартахь а декъал а хир ву иза. Иштта хир ю оцу кепара йолу зуда а.

Цундела, хьайн доьхьа а, хьайн хIусамде доьхьа а, хьайн берийн доьхьа а, шайн доьзалехь АллахIаца йолу юкъаметтиг чIагIйан а, совяккха а, туойан а хьажа еза хьо. ХIара хьан дахаран «мисси» хуьлуьйтур вай… Хьуна хьалха лаьтташ йолу «вызов» хьулуьйтур вай иза… Хьан цIийнада оцу зудчух юхаваккхар хилла Iийра дац хIокху хьан «миссин» жамI (результат), иза – хьан берриге доьзалан дуьненара а, эхартара а дахар декъала хилийтар хир ду. Хьайн хIусамда меттавалош ахь оцу кепара хьоьгур долу къа хьуна ца моьттучу кепара доккха жамIаш долуш хир ду, Дала мукъа лахь. Цундела, хьайна дагадогIуш долчу массо дикчу хIуманна ниййат а дина, Дела доьхьа аьлла и Iалашо а хIоттийна, «БисмиллахI, къинхетаме волу АллахI, Хьан цIарца дIаболабо ас хIара болх» аьлла, Дела реза вен болу хьайн болх дIаболо беза ахь.

Дика ду, доьххьара стенна тIера дIайолайала еза хьо? Доьххьара хьо хьайна тIера дIайолайала еза. ТIаккха хьайн берашца къахьега деза, цаьрца цхьаьна жим-жима хьайн хIусамдеца а къахьега деза. Нагахь санна хIинццалц схьа шайн динца долу дахар лаккхарчу тIегIана тIехь ца хиллехь (хьан цIийнада оццул йолчу хенахь иштта леларх гуш дерг иза  хилла ца хилар ду), цхьана дийнахь шаьш хийца далийта а ма гIерта, йа хьой а, йа бераш а, йа хIусамда а цхьана дийнахь нислур ду алий а ма хета. Къаьсттина чIогIа хаа деза хьуна и хIума хьайн хIусамдеца – иттаннаш шерашкахь цуьнца кхолладелларг цкъа цхьана дийнахь уггар лаккхарчу тIегIана тIехь нисдалур дац. Цундела, жим-жима, уггар коьрта долчунна тIера дIа а йолалой, цхьаъ дикка чIагIдеш, тIаккха шолгIачунна тIе йолуш, дикчу агIор шайн дахарехь хийцам бан хьажа.

Доьххьара ахь ойла йан езарг а, дикчу агIор хийца дезарг а ламаз ду. Ламазал доккха хIума дан а дац хьуна. Хьуна хьан хьолехь ЛАМАЗАЛ ДОККХА ХIУМА ДАН А ДАЦ хьуна. ХIинццалц схьа айхьа деш хиллачул дика дан хьажа ламаз: (1) шен хенахь дарца а, (2) олучуьнан а, доьшучуьнан а маьIна довзарца а, цу маьIни тIехь ойла йарца а, (3) ламазехь парз долу хIуманаш а, суннат долу хIуманаш а дан ма-дезза кхочуш дарца а, (4) ойла ерриге ламаз тIехь латторца а, АллахIаца латторца а. Ойла ламаз тIехь латторна хьуна гIо дийр долчу хIуманех ду хьуна хьой ламаз дан йолалуш ахь айхьа хьайга хаттар дар: хIара ламаз ас тIаьххьара деш ламаз делхьара муха дийр дара-те ас хIара? Сой хIара ламаз динчул тIаьхьа йалар хир ду йа дац ца хаьа-кх суна, тIаьххьарниг хила мега-кх сан хIара… Кхин дуьненахь ахь ламаз дар Дала хьуна яздина ца хилча, иза тIаьххьара ламаз хилча, муха дийр дара ахь иза? Хьой баккъалла а АллахIаца къамел дан дIахIуттуш юй хуур дара хьуна, цуьнан марзо мел йоккха ю а хуур дара хьуна… Иштта дина долчу ламазал тIаьхьа хьайна мел доккха дика асар (Iаткъам) хуьлу а хуур дара хьуна… Айхьа деш долу хIора ламаз тIаьххьарниг долуш санна де, АллахIах баккъалла тешаран чам хуур бу хьуна!

Иштта хьайн берашна а ламаз дан Iамаде, цаьрга ламаз лардайта, уьш ламаз тIехь кхиаде.

ШолгIа хIума – дуккха Дела хьехор ду. Дела хьехорехь дийцина ца валлал дукха пайданаш ду. Къаьсттина чIогIа пайдане хуьлу иза ша́ олучуьнан маьIна девзаш хилча, цунах кхеташ хилча. Бахьана долчахь а, доцучахь а Дела хьехош хила. Масала, юьжуш-гIоттуш олуш дерг, яахIума яале а, йиинчул тIаьхьа а олуш дерг, чу-ара волуш олуш дерг, куьзгана хьожуш олуш дерг, духар тIедухуш олуш дерг, Iуьйранна-суьйранна доьшуш дерг, иштта кхидIа а. И дерриге хьуна карор ду «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жимчу жайни тIехь. Цу тIера и зикраш жим-жима Iамош Iамаде, цкъа цхьаъ Iамаде, хьайна иза чIагIдаллалц леладе, тIаккха важа Iамаде, тIаккха иза чIагIде, тIаккха керланиг Iамаде, иштта кхидIа а.

Иштта оцу кепара хьайн берашка а Iамадайта и доIанаш а, зикраш а. Ахь олуш, ахь доьшуш хезаш хилча, царна а марзлур ду хьуна уьш, Дала мукъа лахь.

Дела хьахор бохучунна юкъадогIу хьуна Къуръан дешар. Къуръан – вай кхоьллина волчу вайн Делан Дош ду. Нагахь санна хьайна иза деша ца хаахь – хIуъа дей а иза Iамо хьажа. ЧIогIа маьIне ду хьуна иза, мухха хIуъа дей а иза Iамо хьажа. Хьехархочуьнца Iамо аьтту бацахь, цу балхана дуккха а гIо дийр ду хьуна интернето. Хьайна иза деша Iемича, йа хууш делахь, хIора дийнахь (хьой ламаз деш йолчу деношкахь) цу тIера 5 айат деше а, йа цхьа агIо еше а еша хьажа.

ТIаккха, хьайн хIусам чохь Къуръан доьшуьйтуш хила, айхьа дешарца цхьаьна. Масала, интернет чура, «Ал-Бакъарат» сурат дешийта мегар ду, кхидолу сураташ дешийта а мегар ду. Хьан хIусамдена а хезаш иштта сих-сиха Къуръан доьшуш хилча, цунна ийманан агIор а пайденна хила тарло иза, оцу зудчо цунна цхьа хIума лелийна делахь иза гучудаларна а пайденна хила тарло иза. (Делахь а, ахь хьайн ойла сихонца цу тIе ма йига, йа и бен хуьлийла дац алий а ма хетийта, хIунда аьлча бахьанаш дуккха хила йиш ю, ткъа цунна цхьаъ лелийна ду йа дац билггал хууш дац, цундела цу тIехь ойла сацийча нийса хир дац. Лор цамгаран бахьана довза лууш хилча, кхин хууш билгалдаьлла хIума а доцуш цхьа бахьана юьхьар а лаьцна, харц диагноз хIоттийна хилча муха хир дара? Иштта ду хьал кхузахь а)

Кхузахь а олу вай, хьайн берашка а Iамадайта Къуръан дешар. ТIаккха хIора дийнахь дешийта цаьрга иза, айхьа санна.

КхоалгIа хIума – марха кхабар ду. Парз марханаш-м кхобуш хир ду шу, ткъа хьо кхаба гIорта езарг суннат марханаш ду. Нагахь санна хьайга кхабалур делахь, могшаллийна новкъарло йийр яцахь, йа айхьа кхочуш дан дезаш долчу декхаршна новкъарло йийр яцахь, масала де доца долчу хенахь хIора бусалба беттанийн юккъера кхаа дийнахь марха кхаба хьажа. Хьайн цIийнадегара пурба даккха, хаза ала цуьнга, «хьоьгара пурба доцуш кхаба йиш яц боху, ахь пурба делча сайна ме́л хилийта марха кхаба лаьара суна, мегар дарий, хьуна хIун хета», - алий. Цкъа делахь, пурба даккхар а хир ду хьуна, шолгIа делахь цунна хьехар а хир ду. Делахь а, юьхь доьххьала дIа хьой цунна хьехар деш ю а ма моттийта ахь. Божаршна дукха хьолахь ца дезадо шайн зударша шайна иштта хьехарш дар. Цхьа хан яьлча, цунна хьо баккъалла а дуккха дикачу агIор хийцаелла гича, цунна хьан леларх а, хьан дахарх а хьехам хир бу Дала мукъа лахь, тIаккха, юьхь доьххьала дIа а доцуш, кхечу некъашца жим-жима хьехар дан мегар ду ахь.

ДоьалгIа хIума – хьайн дин довзар. Дела вовзар, Мухьаммад пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) вовзар, Ислам дин довзар. Ешарца а, ладогIарца а. Хьайн аьтту хил-хиллачух цхьацца жайна эца хьажа, оцу кхаа хIуманах лаьцна дуьйцуш долу а, вуьшта дин дуьйцуш долу а. Нагахь санна аьлча мегар дара аьлла хетахь, хьайн хIусамдега ала хьайна иштта жайна эца. Суна хетарехь, оьрсийн маттахь хьуна пайдане хила мегачу жайнех ду «Умма» цIе йолчу издательствано (куьйгалхо Эжаев Асламбек) арахоьцуш долу жайнаш. Кхин а, дерриге ас айса дешна дацахь а, Шамиль Аляутдиновс яздеш долу жайнаш а пайдане хила тарло хьуна. Ткъа ладогIа материал интернет чохь вуно дукха ю, масала Динул-Ислам сайта тIехь а ю, Исламансерло сайта тIехь а ю, Исламиндекс олучу сайта тIехь а ю.

Шу дехачу меттехь хьуна хьайна дика доттагI карайахь, динца а йолуш, доьзал болуш а йолуш – цунах хьуна дика гIоьнча хила мега. Хьайн гуо дика гуо хилийта хьажа, цо дуккха а гIо дийр ду хьуна Дала мукъа лахь.

Хьо иштта оцу хIуманаш тIера дIайолаелча, ахь и дикалла хьайн берашна а дIайелча, Дала мукъа лахь хьайн берийн дена уггар хьалха хьох масал хир ду, шен берийх масал хир ду. Иштта болх беш хьан цхьа хан яьлча, масала цхьа шо (хенан дукхаллех цец ма ялалахь, дукха хьолехь дикка хан оьшуш хуьлу хьуна иштта дика а, баккхий а хийцамаш бан), хьайн хIусамдеца муха-хIун дийцича дика хир ду хуур ду хьуна. Дукха сих а ца луш, паргIат, цхьана шина шаранна Iалашо а хIоттаей, иштта къахьега хьажа, Далла тIе болх а буьллуш, Цуьнгара дикане са а туьйсуш, Цуьнга хьайна гIо дар а доьхуш – Цо хьан къахьегар эрна дойтур дац хьуна.

Кхидолу бахьанаш хьуна хьайна а девзар ду, масала «Ийманан гIийлалла» цIе йолчу вайн аудио-лекци тIехь алссам дуьйцуш ду уьш. Хьуна оцу цхьана-шина шара чохь оьшурш коьрта долу и диъ ду аьлла хета суна, важа дерг оцу цхьана-шина шарал тIаьхьа цаьрца цхьаьна лело мегар ду, йа хьайна хIинцце дуьйна лелийча дика хир ду аьлла хетахь иза а мегар ду. Коьрта дерг – иза нисван гIортарехь дукха чIогIа сих а ца луш, мелла а алсам ахь хьайна тIехь къахьегар ду, хьайн берашца а къахьегар ду.

Амма божарий акхабовларан коьрта бахьанех шолгIа бахьана – цунах лаьцна ахь ойла йича дика хир дерг вай дийцина хьалха хIокху хаттарна деллачу жоьпехь:

«ХIусамда интернет чухула хийра зудчуьнца къамелаш деш хилча хIун дича бакъахьа ду?»

Оцу бахьанах лаьцна хьалхарчу декъехь дуьйцу цигахь, иза дукха дах ца дича а хьо цунах хьой а дика кхеташ хир ю.

Оцу жоьпехь долу массо хIума а хьуна гIонна хьехар дан мегар долуш ду, цигахь доьшур ахь иза, кхузахь юха ца яздо ас иза.

Цул совнаха аьлча цхьа хIума эра дара ас, делахь а иза шуьга мел кхочуш далур ду хууш ца хилча, пайдане ца хила мега иза – шайн аьтту белахь шайн даймахка шу юхадерзар, оцу зудчунна хьан хIусамда генаваккхархьама. Даймахка юхадерза аьтту бацахь, цхьанхьа кхечу метте цигара дIадовла гIортар. Бакъду, дукха хенахь дуьйна цигахь вехаш волчу хьан цIийнадена а, йа шуна шайна а луур дуй ца хаьа иза, йа лиъча а атта а хирг хир дац иза, хIунда аьлча кхечу махка кхалхар хала хIума ду. Делахь а, оцу баланах иза кIелхьара ве́ра хилча, дан хьакъ долуш хIума дара иза.

ТIаьххьара, муьлха доIа дича дика хар дара аьлла хаьттинчух лаьцна аьлча – къаьсттина цхьа доIа оьшуш дац хьуна цигахь. Ахь муьлхха маттахь дича а Дела хьан доIа хезаш а, хууш а ву хьуна. Уггар коьрта дерг – ахь мел даггах деш ду иза? Хьо мел чIогIа хьасталуш ю АллахIана? Хьан дагна мел чIогIа хаьа АллахI хьуна хьашт хилар, хьуна Иза эшар, хьуна Цуьнгара гIо эшар? И маьIнеш бахьана долуш аьлла ду хьадисехь, «доIа Iибадатан тIум ю», - аьлла. Цундела, хьайн маттахь хьайн дешнашца АллахIе белхо мегар ду хьуна ахь хьайн бала, хьайна атта долччу кепара деха а мегар ду хьуна ахь Цуьнга хьайна гIо дар, хьайна ницкъ балар, хьайна хьекъал далар… Вуьшта, дуьненан а, эхартан а диканаш доьхуш долу доIанаш тIехь долуш жима жайна ду, «Уггар деза доIанаш» (Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш) цIе йолуш, цу тIера доIанаш ахь сих-сиха деш хилча дика хир ду хьуна, Дала мукъа лахь.

Иштта и ду, лераме йиша, хIинца суна дагадогIург, ахь дича дика хир дара аьлла хетарг а.

Дала гIо дойла хьуна!

Ткъа дика хуург сийлахь веза волу АллахI ву!

19.06.2011 = ‏17‏.07‏.1432