|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум!
Мой муж постоянно бьет нашу
дочь, ей только 3 года. Но он поднимает на неё руку ещё с пелёнок. Бьет он
её очень сильно и всегда по лицу основном по губам или по голове, не раз у
неё треснула губа. Ему все мешает, иза лёвзича и ца мега, иза чохь ядахь и
ца мега, и елхахь и ца мега, ше ловзаш багахь цхьацца кьамелш дича и ца
мега, йа йиш локхуш санна гIовгIа йича и ца мега, и чIогча йистхилахь и ца
мега, и кхин хIумма деш йоцуш Iадда шен мултике хьожуш Iаш хилчи и
дIайоккхий цуьнга гIовгIа йойту, тIаккха йоьлхчара дIа саца бохуш беттах
тIара детта, шас недавно бил пока у неё обе губы не треснули и язык тоже.
Дацахь ша цхьа бахьана доккхий и елха йой, саца бохуш етта. Цуьнан ша долу
ответ со ца мега ду. Оцу йоIана тIехIоьттина и сай ма-хуьлла и тIе ца
кхачийта гIерта со, со тIе ца хIоттахь иза саца ца кхета. Ас ша тIе ца
кхачийтича, и йоI сайн буха юллий сай ма-хуьлла и дIа къоьвлича, шега цунна
тоха ца елча цхьана агIор чекх куьг доккхий шега ма-оззало месаш озайо, я
дилха Iовдуш маIарш юхку, важа миска дукха лаза йой чура мохь ца балалуш
хуьлу. Моха чIогIа йогIу цунна. И цунна моха еача чIогIа кхоьру со цунах,
цуьнан ши бIаьрг цхьа тамшийна хуьлу, цу чухула хьоьжург и воцуш санна.
Хьалха со йоIана тIехIоьттича мел моха ярах суна хIума ца дора цо, но
тIаьхь-тIаьхьа туху цо суна, оц йоIана ша тIекхаьччахьана тоьаш со мичча
ластайой дIайохуьйту. Цхьа де атта лартIехь дIа ца доьду тха, особенно и
суьйре тIе ягIахь дIадолало ша-дерг. Массо агIор дийцина, гIуллакх хуьлуш
дац, хьай нерваш дика яцахь лоьрана тIегIо аьлча и ца воьду. Айхьа тхан
гIовгIа ца лахь вай дIасакъастийта аьлча иза ца лаьа. ТIаккха цуьнца дерг
хIун ду ца хаьа, йа цунна хIун дарба оьшу ца хаьа суна. Но цуьнца кхидIа яха
лаам бац сан, иштта хIора дийнахь и дов чохь латто кIордийна суна. Ша-долу
дов и берех летар тIехула ду.
ТIаккха ша-дерг дийца суна хан тоьар яц. Массо агIор шега болу безам байина
ваьлла и.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Лераме йиша! Оцу кепара берана еттар цхьаъа шеко йоцуш хьарам ду, иза хетта оьшуш хIума дац, иза лар тIехь доцу хIума ду, шен хьекъал чохь а, кхетам чохь а волчу стага дийр доцу хIума ду. Хьан хIусамда, схьагучу суьртехь цомгаш ву. Цуьнан цамгар «оьгIаз ихар» хила а йиш ю, сица йоьзна йолу (психологин) цамгар хила а йиш ю. ОьгIаз вахар чIогIа хала а, вон а цамгар ю, цундела Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) чIогIа дуьйцуш хилла ду оьгIаз вахарх ларвала везар а, цунна доьхьало йан езар а, цунна дарба лелон дезар а. «ЧIогIа стаг (нуьцкъала стаг) кхиберш иэшо́риг вац. ЧIогIа стаг (къонах стаг, нуьцкъала стаг) – ша́ оьгIаз вахча ша́ шен до́ла далург ву», - аьлла АллахIан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна).[1] Цуьнан маьIна деш, Iеламнаха аьлла: «Баккъалла нуьцкъала верг – оьгIазло меттахъяьлча иза охьатаIийна сацийнарг ву, шен синна доьхьало йинарг ву, цунна тIехь толам баьккхинарг ву».[2] Весет (хьехар) де́хьа шена аьлла тIевеанчу цхьана стаге, - «оьгIаз ма гIолахь» - аьлла хилла Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна). ШолгIа а цо, - «весет дехьа суна», - аьлча а, уьзза аьлла цо. КхоалгIа дехча а, - «оьгIаз ма гIо» - аьлла жоп делла цо. Цу хьадисехь, «оьгIаз ма гIо» - бохург, оьгIаз вохуьйтучу бахьанех ларло, иза гена ца долуьйтуш цунна доьхьало йе, иза духа тоха бохург ду. ОьгIазло тIееъча, цунна доьхьало йан атта хуьлуьйтуш долу бахьанаш а довзийтина Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна): АллахIа Шена генадаьккхинчу шайтIанах АллахIаца ларвала веза («АIузу билла́хIи минашшайтIонирроджи́м» аларца); оьгIазло меттахъяьлча, йа герга яхча, ламаз иэца деза; оьгIаз воьдучу хенахь шен хилла долу хьал хийца деза: хIоьттина Iаш хиллехь охьахаа веза, йа дIатовжа веза, йа аравала веза, йа къамел ца деш Iадда Iен веза, йа кхийолчу агIор хьал хийца деза. ОьгIазло юхатоьхначунна хуьлуш болу мел дагабаийтар а, цунах лаьцна долу айаташ а, хьадисаш а дагадахкийтар а, оьгIазлонах хуьлуш йолу вон тIаьхьло дагайаийтар а дика некъ бу оьгIазло юхатохарна. Амма цуьнца ерг синан цамгар елахь, цунна дарба шина агIор лело деза: 1) «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» аьлла долчу жайни тIехь «Синан цамгарна дарба дар» аьлла долчу декъехь деана долу дарба лело хьажа веза. Иза дукха деха хиларна, кхузахь ца даладо вай иза, цу жайни тIера деша мегар ду иза. 2) Лоьрана (неврологана а, психологана а) тIе а вахана, долуш долу хьал цуьнга дIа а дийцина, цо хIун олу а хьожуш, цуьнгахула дарба лело деза. Цунна тIехь декхар ду лоьрашна тIевахар а, цаьрга шен хьал дийцар а, уьш шега хьовсийтар а. Хьан хIусамда динах кхеташ хилча, дин лелош а хилча, сонталла шеца йолуш а ца хилча, цунна къаьсттина чIогIа чIагIло лоьрашна тIеваха везар. Мелла сиха дан а деза цо и гIуллакх. Ткъа оцу цамгаран – хуьлийла иза оьгIазлонан цамгар, йа вуьшта синан цамгар – шен цхьа бахьана ду. И бахьана девзича а атта хила йиш ю цунна дарба лелор. Масала, дахарехь цхьа бала болуш хила тарло и стаг, йа дахар нис ца луш хила тарло, йа кхидолу цхьа бахьанаш хила тарло. Цундела, хьо – хIай хаттар дийриг – хьажа еза, шун доьзалан дахарца цхьаъа гIалат долуш хIума дуй-те, хьан хIусамдена ца де́зо́ш, цунна ца товш, иза оьгIаз оьхуьйтуш хIума дуй-те, ахь цуьнан дерриге хьакъ дIакхачош дуй-те, шуьшинан къайлаха долу дахар хила ма-дезза дуй-те, йа хьуна ца хууш цхьа бала буй-те цуьнгахь? Хьайна цхьа хIума то́салахь, цхьа гIалат хьайна гучудалахь, иза нисдан а, туодан а хьажа еза хьо, иэшахь цуьнца эвххьаза иза дийцаре дина а. И шайн гIуллакх арадаккхале, шайн чохь нислур долу бахьанаш лело хьажа еза, мелла а сиха, хIунда аьлча оцу йоьIан къа ду, цунна тIехь и хIума леладахь иза елла дIаяллалц сица сакхт долуш йисса а кхерам бу. ТIаккха, нагахь санна шуьга и гIулкх шайлахь листалуш дацахь, цуьнан цIерачаьрга хьахо деза ахь иза, цуьнан нене, дега, вешийга, йишийга, йа кхиболчу баккхийчерах цхьаьнга. Ма-дарра и гIулкх дIадийца, сих а ца луш, паргIат. Цуьнан цIерачаьрга, цуьнан гергарчаьрга нисдайта хьовса деза шу и гIуллакх. Цара шайна лаахь цунна дарба а дийр ду, цара шайна лаахь иза метта а валор ву. ТIаккха, нагахь санна доьххьарлерачух а, цул тIаьхьа шолгIачух а гIуллакх хуьлуш дацахь, «ахь и ле́тар дитталц со хьоьца Iийр яц», - алий, дIаала цуьнга. Цул тIаьхьа а иза хийца ца лахь, цо шена дарба а ца дахь, тIаккха шун хьал оцу хаттар юкъахь ма-дуьйццу чолхе а делахь, хьайн доьзал ларбен бахьанаш лело деза ахь, хьайн хIусамда меттаваллалц йолчу юкъана хьайн цIеранаш болчу йаха мегар ду хьо, йитар а ца дуьйцуш (йита ала сих ма ло, хьой яла а йо́луш). Билггал цо и хIума лелор ца хилар чIагIдаллалц юха а ма гIо. И болх цо кхин бийр ца хилар хьайна билгалдалахь, тIаккха юха хьайн хIусаме юхаерза. ТIаккха, хьайна бовзахь кхечу дикчу нахах а, Iилма долуш болчу нахах а, хьекъал долчу нахах а дагаяла хьажа, хIинца хIара кехат яздарца хьо дагаяларе терра, суна ца хиъна долу кхин а дика хIума хьеха а мега хьуна кхе́ча́ра. Дала хьан доьзал а, хьо а массо вочу хIуманах ларйойла, хьан хIусамдена маршалла а дойла, шун дахар ирс-аьтту болуш дIа а нисдойла. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 27/08/2010 = 17/09/1431
| КхидIа |