Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

Я хотел бы узнать, если муж не хочет больше двух детей, но жена хочет еще детей, имеет ли муж право настаивать на своем? С уважением, Рамзан.

Суна хаа лаьара, майрачунна шиннал сов бераш дезаш ца хилча, зудчунна кхин а бераш дезаш хилча, бакъо юй майрачуьнан шечунна тIера ца ва́ла? Ларамца, Рамзан.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Iеламнаха хIара санна кхидолу хеттарш толлучу хенахь аьллачуьнга хьаьжча, хьайн зуда реза а йоцуш и хIума цуьнга де́ ба́ха мегар дац ахь.

Доьзалхо хилийтар – майрачуьнан а, зудчуьнан а юкъара бакъо ю. Майрачуьнан санна, зудчуьнан а бакъо ю шен доьзалхо хила а, иза кхио а. Цигара схьа аьлла дукхах болчу Iеламнаха, майрачо шен зудчуьнца эвхьаза гIуллакх хуьлуьйтучу хенахь, цо шен оралла (божарийн хи) зудчух дIакъасто мегар ду, нагахь санна и зуда иза къасторна реза елахь. Доьзалхо ца хуьлуьйтучу бахьанех ду иза, майрачо шен оралла зудчух къастор (арахьа хилийтар), ткъа и хIума мегаш хиларан билламех цхьа биллам бу цу балхана зуда реза хилар. Иштта аьлла дукхах болчу Iеламнаха, зудчуьнан доьзалхо хила бакъо а йолу дела, цуьнгара бакъо хила еза аьлла деана суннатера дийцар а долу дела. Оцу кеппара, зуда реза  реза а йоцуш ахь цуьнга вай кхин доьзалхо хуьлуьйтур вац баьхча нийса хир дац. Нагахь санна шуьшиъ ший а реза хилахь, цхьа хан-зама дIаяллалц шун кхин доьзалхо ца хилар гIолий ду аьлла шуьшина барт а хилахь, тIаккха цхьана ханна духакхета мегар ду шуьшиъ доьзалхо хилийтарх, вуьшта, бертаза хилча нийса хир дац иза.

ТIаккха, Бусалба динехь дика лоруш дерг доьзал кIезга хилар дац, мелхо а дукха хилар ду. Иза гойту вайна Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла долчу хIокху дешнаша: «(Шортта) доьзалхой бийр болуш а йолуш, безаме а йолуш йолу зуда ялае аш, бакъдолуш къемат дийнахь шун дукхаллийца дозалла дийр долуш ву со».[1] И маьIна долу хьадисаш Суннатехь дуккха ду, тайп-тайпанчу дешнашца дийцина. Церах ду масала: «Зударий балабойла аш, маре а гIойла шу, (доьзалхой шортта хилийтарца) алсам а довлийла шу, бакъдолуш кхечу умматашна хьалха шуьца дозалла дийр долуш ву со».[2] Иштта и маьIна долуш кхин хьадисаш а ду. Оцу хьадисашна тIе а доьгIна, доьзалхой дуккха а хилийтар хIокху вайн динан Iалашонех цхьа Iалашо ю аьлла Iеламнаха. Цундела, ша ва́ла а волуш доьзалхо хилийтарх вуха гIерта ца веза бусалба стаг, йа бусалба зуда а.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

03.01.2011 = ‏28‏.01‏.1432


 

[1] Ахьмад, Ибн Хьиббан.

[2] Иза хьахийна Имам Ибн Хьаджар Ал-Iаскъаланийс. «Фатхьул-бари», 9/111.