Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Тезетахь веллачунна а, ламазал тIаьхьа, лазаро лаьцнарг оцу лазарех хьалхаваккхар доьхуш  муха дан деза доIа вайнеха а, Iаьрбийн а маттахь?

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Тезетахь веллачунна дан мегар долчу доIанех ду Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Абу Салама (Дела реза хуьлда цунна) веллачу хенахь дина хилла долу доIа:

"АллóхIуммагIфир ли Аби Саламата (кхузахь Аби Салама а ца олуш, веллачуьнан цIе йоккхур ю), варфаI даражатахIý филмахIдиййúна, вахлуфхIу фú IакъибихIú фил гIóбирúна, вагIфир ланá ва лахIý йа роббал Iáламúна, вафсахь лахIу фú къабрихIú ва наввир лахIý фúхIи!"[1]

«Йа АллахI! Гечде Ахь «хьенехана» (веллачуьнан цIе йоккхур ю), нисбелла хиллачарна юкъахь цуьнан дарж сов а даккха Ахь, цуьнан тIаьхьенна гIоьнча а хила Хьо, тхуна а, цунна а геч а де Ахь хIай Iаламийн Эла, цунна каш чохь меттиг а шор йе Ахь, цуьнан каш нуьре а де Ахь».

И доцург муьлхха кхидолу доIа дан а мегар ду веллачунна, Деле цунна гечдар доьхуш, цунах къинхетам бар доьхуш, цунна ялсамани ялар доьхуш, иза Iазапах ларвар доьхуш, иштта кхидолу диканаш доьхуш. Хуучо Iаьрбийн маттахь дан а мегар ду иза, шена луучо нохчийн маттахь дан а мегар ду.

Цомгаш волчунна дарба дар доьхуш ламазал тIаьхьа муьлхха доIа дан мегар ду, къаьсттина цхьана дешнашца ца хилча а. Шен маттахь, ша́ кхетачу маьIнийца, даггара Деле доIа дар догIуш ду ишттачу меттехь.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

02.03.2011 = ‏27‏.03‏.1432


 

[1] Муслима дийцина иза.