Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум сан бусулба ваша, Дала къинхетам бойла вайх а, массо бусалба нахах а, амин. Сан цхьа хатар дара хьоьга:  муьлха доIа дан деза Деле доьхаш, йа муьлха сурат деша деза, сайна ницкъ балар доьхаш йа хьекъал далар доьхаш? Йоккха грамат бохаг ду сан иза, память чIогIа хилийтар доьхаш? Баркалла.

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

«Память» чIогIа хилийтар доьхуш а, «грамота» хилийтар доьхуш а къаьсттина деш цхьа доIа ду йа доьшуш сурат ду аьлла суна хууш хIумма дац деана.

Ткъа ахь дан мегар дерг – хьайн маттахь хьайн дешнашца хьайна луъучу кепара долу доIа ду, Деле хьайна кхетам балар доьхуш, хьекъал далар доьхуш, хIума дагахь Iамийтар доьхуш, и кхоэ хIума чIагIдар а, совдаккхар а доьхуш. ЦIенчу даггара, доIа даран гIиллакхаш лар а деш, ахь Деле доIа дахь, Цо жоп лур ду хьуна, Шен къинхетамца. Деле цIенчу даггара доIа дар, Цуьнга Шена оьшург даим доьхуш хилар уггар даккхийчу бахьанех цхьа бахьана ду, лууш долу хIума хилийтарна.

Бакъду, доIа дарца цхьаьна кхидолу бахьанаш лело а деза ахь, кхетам совбаккхарна а, хIума дагахь Iамор совдаккхарна а, хьекъал совдаккхарна а гIо деш долу. Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) пайхамар воллушехь, Жабраил-малийко (Делера салам хуьлда цунна) хIора шарахь цкъа дерриге Къуръан доьшуш хилла цунна, иза валале хьалха долчу шарахь шозза дешна цо цунна иза. Лелон ма-дезза бахьанаш лелийначунна а, хьега ма-дезза къахьегначунна а Дала цунна луург луш ду, иштта хилла воцучунна луш дац. Иза Делан «закон» ду, массо адамашца цхьатерра лелаш а ду, бусалба болчаьрца а, боцучаьрца а. Цундела, доIа дар санна кхидолу бахьанаш а лело деза цу балхехь а, муьлхха а кхечу балхехь а.

Ткъа, доIа дарца цхьаьне, кхетам совбаларна а, хьекъал совдаларна а, хIума дагахь Iамар совда́ларна а, йа вуьшта аьлча «коьрто дика болх барна» лелон мегар долчу бахьанех цхьадерш дуьйцур ду вай:

1. Уггар дикачу бахьанех ду хьуна Къуръан Iамор. Къуръан Дала дагахь Iамо атта дина ду, ахь жим-жима Iамош иза дагахь Iамийча кхидолу хIума а дагахь Iамо атта хир ду хьуна. Дерриге Iамийна валлалц кхидерг ца Iамош IадIе бохург дац иза, жим-жима Iамош Iамо хьажа бохург ду.

2. Къинойх а, Iесаллех а ларвалар а, Делах кхерар а. Къинош леторан а, Iесаллаш лелоран а вочу тIаьхьлонех ду кхетам лахбалар а, хIума дагахь Iамор гIелдалар а.

3. Мало ца еш, дуккха къахьега деза ахь, хIума Iаморца а, алссам ешарца а, дикка ойла йарца а. ХIума Iамор тIехь а, кIорггера ойла йар тIехь а ахь дикка къахьегахь и шиэ хIума кхуьур ду хьан, совдер ду хенан йохалла. Ахь алсам еша мел йоьшу хьуна хууш-девзаш долу хIума а совдер ду, ткъа хьоьгахь «информаци» алсам мел хуьлу ойла йар а, кхетам а кIоргера хир бу хьан. Иштта и кхо хIума – Iамор а, ойла йар а, ешар а – цхьаьне дIадахьа дезаш ду, цу кхаанне тIехь дикка къахьега дезаш а ду.

4. ХIокхул хьалха вай хьахийна долчу кхаа хIуманан хIоранне а шен некъаш ду, шен говзаллаш ю лело езаш, къахьегаран жамI (результат) дика хилийтархьама. Цундела, хьайна атта долччу маттахь оцу хIора хIуманах лаьцна дик-диканиг шиъ-кхоъ жайна деша деза. Масала, «память» тойарх лаьцна оьрсийн маттахь дуккха а жайнаш ду кхузахь.

Оцу хьайна лууш долчу хIуманех лаьцна жайнаш дешарал сов, оцу хIора хIуманах лаьцна йолчу семинаре, йа «курсе», йа «лекци» ваха хьажа, ишттачу меттехь вуно дукха дика пайда хуьлу хьуна, цигахь хьайна девзинчуьнца къахьегчахьана волу хьо.

5. ХIума дагахь Iамийтарна цхьадолчу даарша гIо до олуш ду, церах ду масала кишмиш яар, кхачана юкъахь имбирь хилийтар. «Корта дика болх беш» хилийта дегIана витаминаш оьшу олу говзанчаша, цундела хьайн даар хьайна оьшучу низаме далон хьажа.

6. ТIаьххьара, Имам Ибн МаджIахIас дийцинчу хьадисехь деана ду, хьижама йаро (цIий даккхаро) хьекъал а совдоккху, хIума дагахь Iамор а совдоккху аьлла. Оццу хьадисехь деана ду, яахIума яале хьалха йина йолу хьижама гIолий ю аьлла, еарий дийнахь йинарг а гIолий ю аьлла; кхаарий дийнахь а, пIераскан дийнахь а, шоьта дийнахь а, кIиран дийнахь а ма йе аьлла; оршот дийнахь а, шинарий дийнахь а йе аьлла. Цундела, хьайна тIекхочехь цу белхан говзанча велахь, хьижама йайта хьайна.

ТIаккха, дуьненан а, эхартан а диканаш доьхуш долу доIанаш тIехь долуш жима жайна ду, «ДоIа дар» (Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш) аьлла цIе йолуш, цу тIера доIанаш деш хилар вуно чIогIа пайдане а, мелехь а ду хьуна.

Ткъа дика хуург сийлахь-цIена волу АллахI ву!

Дала аьтту бойла хьан!

10.05.2011 = ‏07‏.06‏.1432