|
|
|
Ассаламу Iалайкум! Вай ц1ахь тезета вахача до1а дешна ваьлча олу "Фатихьа". Суна хаа лаьара иза мичара ду, цуьнан бух мичхьахь бу исламехь? Вай Элчано, Делера салам хуьлда цунна, деш хиллий иза? Цуьна асхьабаша деш хиллий иза? Дала диканца бекхам бойла хьуна! Вассаламу 1алайкум ва рахьматуллах1!
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! 1. Къаьсттина тезетахь доIа динчул тIаьхьа аьлла ца Iаш, хIора доIа динчул тIаьхьа а олу иза вай долчахь, массанхьа ца алахь а, цхьайолчу меттигашкахь олу. Иза аьллачул тIаьхьа, сурат «Ал-Фатихьа» доьшу. 2.
Цуьнан бухах лаьцна
аьлча... Цхьаболчу Iелам-наха мага а до, дика а лору, доIа динчул тIаьхьа
фатихьат дешар, хIунда аьлча и сурат шина декъе декъалуш долу дела: хьалхара
дакъа дерриг Дела хестор ду цуьнан, шолгIа дакъа дерриг Деле дехар ду, доIа
дар ду, ткъа доIа даран гIиллакхех ду уггар хьалха Дела хастор. Цул совнаха,
и сурат уггар деза сурат ду, Къуръан тIехь уггар коьрта сурат ду, цуьнан
цIерех цхьа цIе а ю «доIанан сурат» аьлла. Иштта, оцу юкъарчу баххашца, дика
лору хьалха хиллачу цхьаболчу Iелам-наха, доIанал тIаьхьа иза дешар.[1]
Делахь а, цхьаболчара дика ца лору, ахь ма-аллара, «Ал-Фатихьа» аьлла доIа
деш волчу цхьамма иза кхайкхор – иштта и алар керла юкъадаьхначу хIуманех
лору цара.[2] Ткъа хьалхалерачу
цхьаболчу Iелам-наха а, таханалерачу цхьаболчара а доIанал тIаьхьа и сурат
дешар керла юкъадаьхначу хIуманех лору, мегаш доцучу хIуманех лору, ша
цхьамма деш делахь а, масийттаммо доIа дечу хенахь кхайкхош деш делахь а.[3]
3. Iелам-наха схьадийцарехь, вайн Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а иза иштта деш хилла аьлла деана дац. Иза деана делхьара, иза мегаш хиларна юкъара баххаш далийна ца Iаш, билггал дерг далийна хир дара и магийначу Iелам-наха.
Ткъа дика хууш верг АллахI ву! |