|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Абу Давуда а, Ахьмада а дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Шена дукха дезачу адамана тIе цIеран чIуг йолла луучо дешин чIуг йуллийла. Шена дукха дезачу адамана коча цIеран кочатосург тасса луучо дашо зIе коча тоссийла. Шена дукха дезачу адамана тIе цIерах хIоз болла луучо дашо хIоз боллийла». И хьадис нийса хьадис ду. Цу хьадис юкъахь «шена дукха дезачу адамана» бохучуьнан маьIна муьлхха а адам ду аьлла Iелам-наха, борша стаг а, зуда а. Делахь а, зударшна мегаш ду деши лело, горга деши делахь а, йа вуьшта деши делахь а, хIунда аьлча иза мегаш хилар гойтуш дуккха а нийса хьадисаш долу дела. Абу Муса Ал-АшIарийс – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дари а, деши а хьанал дина ду сан умматан зударшна, хьарам дина ду божаршна».[1] Кхечу хьадисехь а деана ду, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – шен аьрру куьйга дари схьа а лаьцна, шен аьтту куьйга деши схьа а лаьцна, тIаккха и шиъ хьала а айдина, элира аьлла: «Бакъдолуш, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна, хьанал ду церан зударшна».[2] Бухарийс а, Муслима а дийцинчу хьадисехь ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Iийд-дийнахь зударшка сагIа даларца кхайкхам беш аьлла хиллера аьлла: «ХIай зударий! СагIа лолаш, шайн хазаллийна духуш долчу деших лой а». ТIаккха зударша шайн мохIурш а, хIоьзнаш а сагIийна делла. Цигахь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу кепара долу деши ма леладе ца аьлла цаьрга. Абу Давуда а, Насаийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу цхьа зуда еана хиллера аьлла, шен йоI а ялош. Цу йоьIан куьйгах боьллина боккха дашо ши хIоз гича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хаьттина хилла цуьнга: «Цу (хIоьзнех) закат лой ахь?». Нанас жоп делла: «ХIан-хIа». ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «АллахIа оцу хьайн йоIана цIерах ши хIоз куьйгах боллар де́зо́р дуй хьуна?». Цу зудчо тIаккха и ши хIоз шен йоьIан куьйгара хьабаьккхина охьа а тесна аьлла: «И шиъ АллахIан а, Цуьнан элчанан а бу-кх». Iелам-наха бах: цу хьадисехь Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – оцу зудче ца аьлла: «хьайн йоIе дашо хIоьзнаш хIунда леладойту ахь», муххале а цо закатах лаьцна хаьттина цуьнга. Ткъа деши лелор хьарам хиллехьара цо иза аьлла хир дара цуьнга. ТIаккха, Iелам-наха ма-аллара, вайна хьалха масийтта хьадис ду, зударшна горга деши лело ца мегаш хилар гойтуш а, цара и горга деши лело мегаш хилар гойтуш а, цара муьлхха а кепара деши лело мегаш хилар гойтуш а. Цул совнаха, Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIусамнаноша а, асхьабийна зударша а деши лелош хилла хилар билггал хууш ду, зударша деши лелор хьалха-хьалха дуьйна схьадогIуш а ду, Iелам-наха еш инкарло а йоцуш. Ткъа оцу хьадисийн маьIна цхьаьнатухуш, Iелам-наха масийтта агIо хьахийна: - Зударша горга деши лело мегаш ца хилар гойтуш долу хьадисаш «ша́зз» долу хьадисаш ду. Цуьнан маьIна: церал чIогIа кхидолу дуккха а хьадисашна хьалха къаьсташ маьIна долуш ду уьш, цундела уьш маьIни агIор гIийла лоруш ду, иснадаца нийса делахь а; - Зударшна деши ца магор бусалба нах гIийла болчу хенахь хилла ду, бусалба нахехь даьхни кIеззиг долчу хенахь хилла, бусалба динан гIуллакхашна а, бусалба нехан юкъарчу гIуллакхашна а даьхни оьшучу хенахь хилла ду. Цундела и деши лелорехь дукха совбовлар ца магийна хилла асхьабашна. Цул тIаьхьа магийна иза къаьсттина зударшна. - Зударшна горга деши лело ца магош даьхкина долу хьадисаш дукха совбуьйлуш болчу зударийн хьокъехь ду, пIелгаш дуьззина деши лелорца, йа кочахь масийтта зIе лелорца, иштта кхидIа а. ХIокху заманахь хиллачу Iелам-нахах цхьана Шейх Алба́нийс аьлла зударша горга дашо лело мегар дац аьлла. Ткъа кхечу массо баккхийчу Iелам-наха иза мегар ду аьлла, мегар дац бохург гIийла ду аьлла, масала Шейх IатIиййахI Сакъра а, Шейх Ибн Ба́за а, Шейх Ибн Iусаймина а, Шейх Ибн Джибрина а, Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-Шинкъи́тIийс а, иштта кхиболчара а. Зударшна муьлхха а кепара долу деши лело мегаш хилар вай дийцира хьалха хIокху хаттарехь: Зударшна дашо хIума лело мегаш дуй? Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 09.07.2009
|