|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Хаттар дара сан, АллахI реза хулийла жоп луш волчунна кху хаттарна: со бельгехь Iеш ву, кхузахь туьканаш ю супермаркет олуш, цу туькан чохь виза олуш карт докхийта, шена тIехь 2.500 еуро долуш. Эц ахчанца цу туьканчура луарг еца йиш ю масалан юхкаш телевизар ю 500 еуро доьхуш, и 500 еуро шарахь дIадала мега, 12 баттахь декъа декъан, цаIа еуро тIе ца тухуш ша дол 500 еуро 12 баттах дIаделчхьана. Амма даьш долу кантракт тIехь яздина хуьлу шарел сов ахь и ахча дIалуш хилахь, тIаккха 7% тIекхетар ю аьлла. Соьга и ахча 500 еуро дIадаллур ду аьлла хеташ со валахь, эца мегар дуй иштта йолу хIума оцу картийца, я со шек валахь и ахч 500 Е шарахь дIадаллур дац аьлла, тIаккха шозлагI шо доладелча 7% т1екхетар ю елла, тIаккха и мегаш дац, риба ю аьлла Iа веза? Оцу туькано луш долу ахча, цу виза карти тIехь хуьлуш долу, цера иза банкера суна ло оли ишт докхуш ду и 2.500 Е цу виза карти тIе. Амма со туькан чохь сайн карт хьа эцна, сайн эзар эцчани ваьлла. Иштта хIума эцар риба мухьаррам ю я яц? АллахIо диканца бекхам бойла. Ассаламу Iалайкум.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарехь хоьттуш дерг оьрсийн маттахь «кредитная карта» олуш, ингалс маттахь “credit card” олуш долу хIума ду. Кхузахь хоьттучунна а, оцу «декхаран картийна» а юкъахь кхин йоккха башхула яц, цхьаъ банко луш хилар, важа туькано луш хилар доцург. Ткъа цу картанах лаьцна дерг Iелам-наха билгалдина охьадиллина ду. ХIокху хаттарехь билгал ма-дарра, и карта луш йолчу агIоно и карта схьаоьцуш волчуьнга декхар луш ду. Карта карахь долчо ша́ хIума оьцучу хенахь шегара дIалуш ахча а доцуш, карта деллачо оцу карти тIедиллина долчу ахчанца оьцуш ю хIума. Цунна масал далийча, хьайгахь хIинцца дIадала ахча ца хиларна, хьайн уллехь волчу хьайн доттагIчуьнгара духалург ахча а даьккхина хIума иэцар ду иза. Ткъа и декхар ахь хьайн доттагIчуьнгара доккхучу хенахь, ахь цуьнца барт беш бу, нагахь санна цхьа шо да́лале ахь и декхар юхадерзадахь – ахь цунна совнаха тIе са́ яла ца оьшу, амма нагахь санна и декхар шарал совдалахь – ахь цунна совнаха тIе ахча дала дезар ду. Масала, декхар 1000 евро делахь, цхьана шарал совдаьлла дIалуш хилча 1070 евро дIадала дезар ду. Иштта ду оцу картанца хуьлуш дерг а. Иза девзинчул тIаьхьа… Декхарна деллачу ахчанна тIера са́ яккхар, декхар юхадерзочу хенахь схьаэцначул совнаха дерзор – иза лекха хинволчу АллахIа хьарам дина долу «риба́» ду, АллахIа шена тIом кхайкхийна долу доккха къа а ду, лелочуьнан беркат дойъун бахьана а ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [АллахIа хьанал дина йохкаэцар, Цо хьарам дина риба́].[1] Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа неIалт аьлла риба оьцуш волчунна а, луш волчунна а, иза дIаяздеш волчунна а, цунна теш хIоьттинчу шинна а – уьш массо цхьатерра бу».[2] Цундела, и карта даккха а, лело а мегар дац аьлла сацам хилла Iелам-нехан.[3] ХIунда аьлча, цкъа делахь, декхар юхадерзор шарал сов а даьлла, схьаэцначу ахчанал совнаха ахча дIадала дезаш хилахь – иза билггал риба́ ду. ШолгIа делахь, и карта доккхучу хенахь бечу барта юкъахь хьехош ду, декхар юхадерзор шарал совдалахь, хIоккхул ахча совнаха дала дезар хилар, ткъа иза риба лелон барт бар ду, иза а хьарам ду. ТIаккха, башхула а яц, хьайга и ахча шо да́лале дIадалалур ду аьлла хеташ хилча а, ца хилча а, хIунда аьлча доьххьара дуьйна риба долчу хIуманна тIехь барт бар мегаш доцу дела.[4] ТIаккха, цхьаболчу Iелам-наха, кхин дан хIума доцуш виссинчунна лело а, даккха а магийна и «кредитни карта», совнаха ахча тIекхетале хьалха шен декхар дIалур делахь. Кхин дан хIума доцуш виссина хилар бохучуьнан маьIна ду, масала, и карта хилча бен хьоьга хьайн дахарехь хьайна хьашт долу хIуманаш (машен, даар, хIусам, иштта кхидIа а) иэцалуш ца хилар, йа и ца хилча хьан цхьадолу ца лелийча ца долуш долу гIуллакхаш лело йиш ца хилар, иштта кхидIа а. Оьрсийн маттара аьлча, билггал йолу «необходимость» елахь. Цу хьолехь магийна цхьаболчу Iелам-наха и карта даккхар а, лелор а, риба хилале хьалха декхар дIалур делахь.[5] Ткъа ахь хоьттуш долчу хьолехь – суна хетарехь – и «дан хIума доцуш виссаран» хьал хуьлийла дац, хIунда аьлча иза туька ю, айхьа цу картанца оьцур йолу телевизор – масала – хьоьга иэцалур ю вуьшта а, айхьа картица иэцча хIора баттахь дIалур доллу ахча ахь жим-жима тIекIалдиллича. Цуьнца дуста мегар ду кхидолу хIума а. Цундела, нагахь санна хьо хьайн дахарехь хьайна коьрта оьшуш долу хIума оцу туьканара оцу картанца бен иэца йиш йоцуш, кхин некъ боцуш виссина вацахь, и карта даккхийта а мегар дац, лелон а мегар дац. Цхьадолчу мехкашкахь «в рассрочку» юхкуш хуьлу хIуманаш, шаьш долчахь иштта меттиг юй хьажа мегар ду хьо, оцу картин меттана. Масала, телевизоран мах хIинцца дерриге ахча дIаделча 200 евро белахь, и мах цхьана шаре бекъа а бекъна, хIора баттахь цхьацца дакъа дIа а луш, делахь а мах 200 евро меттана 300 евро хIоттош хIума леладо. Иза мегаш хIума ду, оцу картин меттана, кхидолчу хьарам долчу некъийн меттана а лело мегаш хIума ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 21.12.2009 [1] Сурат «Ал-Бакъарат», 275-чу айатан да́къа. [2] Муслим. [3] «Маджаллату маджмаIил-фикъхIил-исламий», 12/1509, сацам 108 (2/12). [4] Шейх Мухьаммад ибн Мухьаммад Ал-Мухтар Аш-ШинкъитIий, «Шархь задил-мустакъниI», 183/11; Шейх ВахIбахI Аз-Зухьайлий, «БитIакъатул-иътиман», 5; Шейх Бакр Абу Зайд, «БитIакъатул-иътиман», 24-27. [5] Иза иштта аьллачерах ву Шейх Ибн Iусаймин, Дала къинхетам бойла цунах. Хьажа: «Фатава ал-ислам: суал ва джаваб», № 3402.
| КхидIа |