Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Зуда махлелош хилла, майра реза а волуш. Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, и ши дIасакъаьстина, зуда кхечу махка шен цIа дIаяхана. Майра волчу цхьа нах баьхкина, цуьнан оцу зудчо шайгара декхарш даьхнера (и шиъ дIасакъастале) аьлла, оцу наха хIусамдегара схьадоьху шайн и декхарш. Оцу майрачунна тIехь дуй зудчуьнан и декхарш дIадалар? (Цунна ваджиб хилла тIедужий и декхарш дIадалар?)

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Ахь хаьттина хилла хаттар ас Iелам-нахе дахьийтира, цунна деана долу жоп иштта ду:

«АлхьамдулиллахI, вассолáту вассалáму Iала росýлиллáхI! Цул тIаьхьа:

Майрачунна тIехь дац шен зудчуьнан декхарш дIадалар, и шиъ хIинца а цхьаьна Iаш делахь а, дIасакъаьстина дацахь а, цо иза йитина яцахь а. Иза массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду. ХIунда аьлча зуда ю шена и декхар даьккхинарг (цо ша шена даьккхина ду иза), цо и декхар шен майрачунна даьккхина а дац, йа шаьшшимма цхьане юкъахь махлелорна даьккхина а дац».

Жоп делларг ву: Шейх Сáмú ибн Iабдул-Iазúз Ал-Мáжид – Имам Мухьаммад ибн СуIýд цIарах йолчу Ислам дин Iаморан Университетехь хьехархо.

 

Ас (Олхазара) бах, Шейх Сáмúс аьлларг билгал деш а, тIетоха дезарг тIетухуш а: Шейх Сáмúс ма-аллара, зудчо даьккхина долу декхар дIадалар майрачунна тIехь ваджиб ца хуьлу нагахь санна зудчо и декхар майрачунна даьккхина дацахь а, йа марйчуьнца цхьаьна юкъахь лелочу йохкаэцарна даьккхина дацахь а, йа майрачо доьзалан кхочушдан дезачу декхаршна даьккхина дацахь а – масала шена а, шен берашна а тоьъачул юург-мерг а, тIеюхург а эцархьама – нагахь санна майрачо латто дезаш долу и ваджибаш цо царна латтош дацахь, йа иштта и маьIна долчу хьолашкахь даьккхина дацахь а.

 

Дика хууш верг АллахI ву!