Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Делера салам-маршалла хийла Олхазар! Де дика а хийла хьан. Цхьа хаттар ду сан хьоьга, чIогIа хьан хьехар оьшура. Бусалба динца догIуш дуй-те, кIай хедар (бошхап) тIехь бусалба йоза а яздина лелош долу дарба? Йа Iаьрбойн йоза тIехь долу кехат хи чу а тессина и мийлар, цуьнца лийчар? Иштта дарба леладе аьлла яздина цхьана йоIана, и цуьнга ца молуьйтуш и сецош йара со, хьан жоьпе ладоьгIуш. И дарба хьийхина волу стаг бусалба ву, молла ву, цуьнан да а хилла молла. Иштта хьал ду, Делан доьхьа, хьайн жоп дала йиш йалахь сихха жоп далар доьху ас хьоьга. Дела реза хийла!

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Делера салам-маршалла хуьлда хьуна а, Далла езийла хьо!

Хедар (бошхап) тIе йоза а яздина, цу чу хи а доьттина, тIаккха иза малар а, йа кехат тIе йоза а яздина, тIаккха и йоза хи чохь даша а дина, тIаккха иза малар а, иза шен дегIа тIедоттар а лело мегар долуш дарба ду, нагахь санна и яздина долу йозанаш нийса йозанаш делахь, нагахь санна уьш деккъа Къуръан тIера айаташ, йа шайн маьIна нийса долу доIанаш делахь.[1]

Амма нагахь царна юкъахь Делаца цхьаьна кхечаьрга беш кхайкхамаш белахь, масала жинийн цIераш йохуш цаьрга беш кхайкхамаш белахь, йа стиглара седарчийн цIераш елахь, йа цхьа маьIна хIун ду ца хуу яздарш делахь, йа цхьа «знакаш» елахь (масала, седарчий, дуккха тIадамаш, кхаакIов, еакIов хIиттийна хIуманаш, дагардарш («цифраш»), тIаккха иза мегар дац, иза хьарам хир ду, иза жинашца юкъаметтиг лелор а хир ду.

Цундела, нагахь санна и «знакаш» цу юкъахь елахь, кхин хетта оьшуш доцуш Iаддита дезаш хIума ду иза, и яздинарг мел воккха молла велахь а. Нагахь санна цу тIехь и «знакаш» яцахь, и яздар яздина волу стаг Къуръанаца а, Суннатца а Iамал еш хиларца вевзаш а велахь, тIаккха лело мегар ду иза. Амма иза Къуръанаца а, Суннатца а Iамал еш хиларца вевзаш вацахь, йа шу цунах жимма а шек делахь, йа иза дукха жайнаш дохуш велахь, мелла а лардара деза шу и санна долчу хIуманах. Ша яздийриг хIун ду а ца хууш, йа цу  тIехь долчух кхеташ а воцуш, шен дас йа шен хьехархочо лелийна жайни тIехь ду хIара бохуш дуккха а хьарам хIуманаш хуьлу дела цхьаболчу молланаша лелош. Цундела, цхьа тешаме волчу Iеламстагана гайта деза ишттачу наха яздина яздарш, тIаккха цо цу юкъахь Къуръанан айат а, дика маьIна долуш долу доIа а бен кхин хIумма дац алахь лело мегар ду иза.

ТIаккха, нагахь санна мегаш долчу кепара кечдина долу и хи шен дегIа тIе дуттуш хилахь, бехкеметтиг цуьнца цIанйарх ларвала веза. Кхин а, шен аьтту белахь ша лийчина долу и хи цхьанхьа цIенчу метте дIаIано деза, «ванни» чу дIа а ца дохуьйтуш, хIунда аьлча оцу хица Къуръанан айаташ долу дела.

Ткъа дика хуург веза-сийлахь волу АллахI ву!

16.08.2011 = ‏16‏.09‏.1432


 

[1] Имам Ибнул-Къаййим, «Задул-маIад», 4/157; Имам ал-КъуртIубий, «Ал-джамиI лиахькамил-къуръан», 10/317; Имам аш-Ширбиний, «МугIнил-мухьтадж», 1/152.