|
|
| Видео |
|
Хаттар:
Ассаламу Iалайкум! Цхьа
хаттар дара сан хьоьга Олхазар.
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Важиб дерг - юьхь йила волалуш ниййат хилар ду, хIунда аьлча юьхь йилар ламаз иэцаран доьххьара важиб дерг ду, ткъа ниййат дар важиб долчуьнца доьзна хила деза. Делахь а, суннат ду доьххьара «бисмилла» доккхучу хенахь, ши куьг дилале хьалха ниййат дар. Нагахь санна доьххьара дуьйна а ца деш, юьхь юьлучу хенахь бен ниййат ца дахь, цул хьалха долчу суннат хIуманашна (ши куьг дилар а, бага а, мера чу а хи кхарзар а) мел ца хила герга ду, хIунда аьлча ниййат дарца бен Iибадат ца хуьлу церах. Ткъа доьххьара дуьйна ниййат дина хилча, юьхь йила волалучу хенахь и ниййат дагчохь долуш хила деза. Доьххьара динчул тIаьхьа юьхь йиллалц йолчу юкъахь ниййат дагчура дIадаьллехь, юьхь юьлуш юха дан деза иза. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 25/08/2010 = 15/09/1431
| КхидIа |