Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Доьзал

ГIиллакх

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео
Хьешан тептар
Кехат язде соьга

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Олхазар, ламаз керахь ца лаьтташ ву со. Мелла а сихха фарз ламаз дан хьожу со суннат ламаз тIаьхьа а тоттий (Iуьйра ламазана хьалха дерг а, делкъа ламазана хьалха дерг а, малхбуза ламазана хьалха дерг а ). Юха и суннаташ (фарза ламазал хьалха долу) доькхуш дан дезий аса, ца дича со АллахIа къе лоцур вуй-те уьш ца дар бахьана долуш?

 

 

Жоп:

БисмиллахIиррохьманиррохьим.

АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Хьайниг санна цамгар йолчо ша ламаз эцначул тIаьхьа, парз ламазел хьалхара суннат ламазаш парз ламаз дале хьалха дан мегар ду аьлла карийра суна цхьаболчу Iеламнаха, шафиIий мазхIабехь болчара а, боцучара а.[1] Цундела, айхьа ламаз эцначул тIаьхьа, хьайна лаахь доьххьара парз ламазал хьалха долу суннат ламаз дан мегар ду ахь, тIаккха сихха парз ламаз дийр ду ахь, тIаккха цул тIаьхьа хьайна лаахь парз ламазал тIаьхьара суннат ламаз дийр ду, парз ламазца доьзна доцу кхидолу муьлхха а суннат ламаз дийр ду ахь.

Нагахь санна хьан и хьалхар суннат ламаз даза диссинехь, парз ламазал тIаьхьа дан а мегар ду ахь иза. Ткъа суннат ламазаш дар важиб долуш, ца дича къа хуьлуш долу хIума дац, дича мел болуш хIума ду. Дахь мел хир бу хьуна, ца дахь къа а хир дац хьуна. ХIетте а, хьайн ма-хуьллу уьш лардан хьажа веза хьо.

Дала маршалла дойла хьуна!

Ткъа дика хуург сийлахь-веза волу АллахI ву!

17.01.2012 = ‏23‏.02‏.1433


 

[1] Имам ан-Нававий, «Ал-минхIаж шархь сахьихь муслим», 4/18; Имам ал-Бужайримий, «Тухьфатул-хьабиб Iала шархьил-хатIиб» (Хьашийатул-бужайримий Iала-хатIиб), 1/343; Шейх Мухьаммад ал-Мухтар аш-ШинкъитIий, «Шархь задил-мустакъниI» (КитабуттIохIарахI), 438 агIо.