Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум!

У меня 3-х месячный грудной ребенок, и после каждого кормления он вырывает и пачкает мою одежду. Вопрос в том можно ли мне совершать ламаз в этой одежде? считается ли моя одежда грязной для молитвы?

Сан кхо бутт кхаьчча дакхош бер ду. Дакхийначул тIаьхьа хIорозза Iеттадо иза, сан духар бехдо. Сан хаттар: и духар тIехь долуш ламаз дан мегий ас? Ламазана мегаш йоцучу кепара боьха лорур дуй сан духар?

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Дукхах болчу Iелам-наха, Iеттийча кийрара арайолу хIума нажас (ламазана цIена йоцу, дIацIанйан езаш йолу боьха ло́ру хIума) ю аьлла, хIунда аьлча иза хьера чукхачарца хийцало дела. Цхьаболчара иза нажас яц аьлла, хIунда аьлча цу шариIатан баххашкахь иза нажас ю аьлла къаьсттина хьахийна доцу дела.

Ткъа, нажас ю аьлларш дукхахберш хиларна а, иза шафиIий мазхIабехь дерг хиларна а, цIано латтарна иза гIолий хиларна а, дукхах болчу Iелам-наха аьллачунна тIетевжа вай.

Ткъа иза нажас хилча, иза тIехь йолчу духарца ламаз дан мегаш дац. Цу юкъара къастийна Iелам-наха бер дакхош йолу зуда: бер Iеттийча арайолуш йолу кIеззиг йолу хIума цIан ца йича а мегар ду аьлла цара цунна, хIунда аьлча иза хIорозза а цIанйарехь цунна хало хуьлу дела, бер Iеттор сих-сиха а хуьлу дела.[1]

Оцу массо хIуманца дуьстича, хьан хаттарна долу жоп иштта хуьлу: нагахь санна хьан бер Iеттийча арайолуш йолу хIума дукха елахь, и хIума тIехь йолчу духарца ламаз ма де, хьайн аьтту белахь духар хийца, йа дIацIанде. Нагахь санна и Iеттор кIеззиг бен дацахь, и тIехь долчу духарца ламаз дан мегар ду ахь.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

19.03.2010 = ‏03‏/04‏/1431


 

[1] Ибн Зийад, «ГIо́йату талхи́сил-муро́д мин фата́ва́ Ибн Зийа́д», 2 агIо.