|
|
| Видео |
|
Хаттар: Де дика дойла! Чохь бере ловза йойтуш кукал игрушкаш дика яц олуш хезнера суна, бакъ дуй-те и? Жоп лахьара ахь. Баркалла хьуна.
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Далла езийла! ХIокху хаттарна жоп шина декъехь хила дезар ду: таханлера заводаш-фабрикаш гучуйовлале хьалха, кIадех деш хилла долу тайнигаш (кукалш) берашна лелон мегаш ду йа дац – цхьа да́къа и ду; тахана вайн бераша лелош долу тайнигаш мегаш ду йа дац – шолгIа да́къа ду. Таханлераниш мегаш ду йа дац довзар – хьалхалерачеран хьокъехь жоп даларх доьзна ду. Цундела доьххьара хьалха хиллачерах лаьцна дерг дуьйцур ду вай, тIаккха таханлерачу тайнигех а, ловзарех а лаьцна дуьйцур ду вай, Дала мукъа лахь. 1. Тайнигаш дар а, бераша уьш лелор а хьалха-хьалха дуьйна девзаш хилла ду. Ткъа хууш ма-хиллара, АллахIаца цхьаьна кхечарна Iибадат дар а, АллахIаца накъост вар а дIадоладаларан бахьана суьрташ дахкар а, хIолламаш хIиттор а ду. Цундела, оцу ширкана тIебуьгуш болу и некъ боьхкуш, Бусалба дино магийна дац чохь са долчу хIуманан сурт диллар а, иза чохь латтор а. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цу хьокъехь аьлла дуккха а дешнаш ду. IабдуллахI ибн Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «И суьрташ дохкуш болчарна къемат дийнахь Iазап дийр ду. Цаьрга эра ду: «Денде шаьш кхоьллинарг».[1] IабдуллахI ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Бакъдолуш, АллахIа Iазап дийр долуш ду сурт диллинчунна, цо ша́ диллинчу суьртана чу са кхоллалц. Ткъа цуьнга иза цкъаъа кхолла а лур дац».[2] Кхин а дийцина Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сурт диллинарг ша́-верг жоьжахатехь хир ву. Цо диллинчу хIора суртах цхьа кхоллар кхуллур ду, жоьжахати чохь цо Iазап дийр ду цунна».[3] Оцу кеппара, оццул чIогIа чIагIдина ду чохь са долчу хIуманан сурт диллар, хIунда аьлча иза уггар доккхачу къина тIевуьгу некъ болу дела. Иштта оцу кепара даьхкина долчу оцу хьадисашна тIе а тевжина, цхьаболчу Iеламнаха, бераша лелош долу тайнигаш дан а, дохка а, берашка леладайта а мегар дац аьлла, хIунда аьлча уьш дар а, лелор а оцу хьадисийн юкъара маьIнийна кIелдогIуш долу дела. Иштта аьллачерах бу маликий а, шафиIий а, хьанбалий а мазхIабера цхьаболу Iеламнах. Хьанафий мазхIабехь оцу тайнигийн хьокъехь аьлла долчу шина дашах цхьаъ а ду иза. Делахь а, дукхах болчу Iеламнаха и тайнигаш бераша лелон мегар ду аьлла. Иштта аьллачерах бу диъ мазхIабера дукхах болу Iеламнах. Цара уьш мегаш ду аларан уггар коьрта бахьана – Iаишас (Дела реза хуьлда цунна) тайнигаш лелош хиллера, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) цунна уьш магийна а хиллера аьлла долу хьадисаш ду. Иштта и маьIна долуш долу хьадисаш масийтта ду, уьш нийса хьадисаш а ду, Бухарийс а, Муслима а, Абу Давуда а, кхиболчара а дийцина а ду. Цул совнаха, тайнигаш лело мегаш хилар гойтуш ду, миндирш тIехь а, лаьтта тессина йолчу хIуманаш тIехь а дехкина суьрташ делахь, дукхах болчу Iеламнахана гергахь уьш хьарам лоруш ца хилар. ХIунда аьлча тIеохьахаарца а, тIехула леларца а сийсаз деш хуьлу и суьрташ, даздаран маьIна ца хуьлу цаьрца. Ткъа уьш даздеш ца хилча, доьххьара дуьйна уьш ца магоран бахьана (АллахI воцучунна Iибадат дар) дIадолу цаьрца долчура. Ткъа бераша тайнигаш ловзорца уьш даздар дац, мелхо а ловзош долу ловзарш ду уьш, цундела, и тIехула лелаш хилча мегаш долу суьрташ санна мегаш хуьлу хIорш а. Кхин а, берашна чIогIа оьшуш хуьлу иштта тайнигаш, къаьсттина чIогIа хуьлу уьш эшар йоIаршна. Уьш ловзорца дуккха а хIума Iема царна, хена яхалла шайна оьшур долчу дуккха а хIуманна марзло уьш, масала бераш кхиорна а, церан Iуналла дарна а. Цундела го вайна, масала, цхьадолчу бераша и тайнигаш баккъалла шайн бераш долуш санна лелош, царна яахIума яош, уьш дIадийшош, царна тIе хIума юхуш, иштта кхидIа а. И доцург, берийн самукъа далар а ду и тайнигаш ловзорца, уьш вон ца лелийта бахьана а хуьлу цунах, церан са ца гатдаларан бахьана а хуьлу, уьш хьекъалца кхиаран бахьана а хуьлу. Ткъа жималлехь берийн Iуналла деш болчу зударша дийцарехь, берийн кхиарна чIогIа маьIне ду и тайп-тайпана тайнигаш лелор а, ловзарш лелор а. Цундела, оцу дерриге бахьанашка а хьевсина, и тайнигаш бераша лелон мегар ду аьлла дукхах болчу Iеламнаха. Сурт дилла ца магош долчу хьадисашкахь дерг юкъарчу маьIнийца деана ду аьлла цара. Тайнигаш ловзош шена гича, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) уьш ма ловзаде аьлла ца хиларо бераша ловзош долу и тайнигаш и сурт дилла ца магорна юкъара къастийна схьадаьхна аьлла цара, цундела уьш мегаш ду аьлла. Хетарехь, и хила тарлуш ду Iеламнехан оцу шина дашах гIолий дерг. 2. ТIаккха, хьадисашкахь дуьйцуш долу и хьалхалера тайнигаш таханлера тайнигаш санна ца хилла. Таханлеранаш пластиках а, и санна йолчу кхечу хIуманех а деш ду, заводашкахь а, фабрикашкахь а. Цундела, уьш юьхь-сибат а, дегIан меженаш а чIогIа къаьсташ йолуш ду, хьалаха санна кIадех а, бехчалгех а дина дац. Цундела, хIокху заманахьлеран Iеламнаха цхьаболчара и таханлера тайнигаш а, ловзарш а мегар дац аьлла, вукхара уьш мегар ду аьлла. Цхьаболчара, хьарам ду ала хIуьттур дац шаьш а аьлла, масала, Шейх Ибн Iусаймина санна. Дика хуург АллахI ву, доьххьара вай дийцинчуьнца дуьстича а, Iеламнаха и хаттар толлуш дуьйцучуьнга хьаьжча а, таханлера тайнигаш а, тайп-тайпана берийн ловзарш а мегаш хила тарлуш ду. Бакъду, дегIа меженаш дукха эвхьазчу куц-кепехь нисйеш дина долу тайнигаш ца лелор гIолий ду, бераш оцу эвхьазлонна марз ца далийта а, церан кхетам массо адам а оцу тайнигех тера хила деза аьлла ца хилийта а, тIаккха церах тардала гIерташ (къаьсттина чIогIа йоIарий) хьашт долу а доцу а хIуманаш цаьрга ца леладайта а. Ткъа гIолий хуург сийлахь-цIена волу АллахI ву![4] 15.01.2011 = 11.02.1432 [1] Бухарий, Муслим. [2] Бухарий. [3] Муслим. [4] ХIара жоп яздечу хенахь со тIетевжинарг къаьсттина хIокху хаттарх лаьцна Шейх Дубаййа́н Мухьаммад ад-Дубаййа́на яздина долу яздар ду, «Мабхьасун фи байIид-дума́» цIе йолуш долу.
| КхидIа |