|
|
| Видео |
|
БисмиллахIиррохьманиррохьим Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Да-нана дIасакъаьстинчул тIаьхьа, цаьршиннах хIоранне бакъо ю шен бераш ган а, цаьрца цхьаьнакхета а, царна тIекхача а. Да-нана дIасакъаьстина долу бераш цаьршиннах цхьаьнца Iаш хилча, уьш шеца Iаш доцучунна ца гайта мегаш дац, иза къилахь ду, хIунда аьлча иза гергарлонан юкъаметтиг хадор долу дела. Иза массо Iелам-нехан барт хилла хIума ду, шариIато хIоттийна бакъо а ю.[1] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлийс бах цу хьокъехь: «Бера шеца Iаш доцучу ден, йа ненан бакъо ю и бера ган, йа цуьнца цхьаьнакхета. И бакъо шариIато хIоттийна ю, берриге Iелам-нехан цу тIехь барт хилла а бу, берана а, цуьнан дена-нанна а юкъахь гергарло латто дезар важиб хилар бахьана долуш».[2] ТIаккха, уьш вовшийн гаран низам дийцича, шафиIийн мазхIабехь долчунна тIедоьгIна аьлча иза иштта хуьлу: Нагахь санна кIант шен да волчахь велахь, иза ша́ шен нана йолчу тIе вахалуш а велахь, шен нана йолчу иза ца вахийта мегар дац дена. ЙоI шен нана йолчу ца йахийта мегар ду цунна, нагахь санна ша иза ларйан а, цуьнан арайийлар кIеззиг хилийта а лууш велахь, цундела нана шен йоIана тIейа́н еза, хIунда аьлча новкъа дIасайаха цунна дуккха а атта долу дела йоIанчул а. ТIаккха нагахь санна нана шен бер долчу тIейогIуш хилахь, хуьлийла иза кIант, йа йоI, иза юхатоха мегар дац дас. Ткъа, нана шен хьалха хиллачу майрачуьнан хIусамехь дукха хьейала мегар дац, хIунда аьлча иза цунна хийра зуда ю. Нагахь санна дена и шен хьалха хилла зуда шен чуяийта ца лаахь, цунна доьхьал уьйтIа, йа ке́тIа арадаккха деза цо бера. ТIаккха бер гар а, цуьнца цхьаьнакхетар а шина дийнахь цкъа хир ду, хIора дийнахь хир дац. Бакъду, нагахь санна ненан хIусам уллохь елахь, тIаккха мегар ду иза шен бера долчу хIора дийнахь я́н. Нагахь санна бера цомгаш хилахь, хуьлийла иза кIант, йа йоI, нана хьалхе йолуш ю цуьнга хьажарехь а, иза лелорехь а, хIунда аьлча иза де́л а собаре йолу дела цу балхехь. И цомгаш хилла бер лелор де́н хIусамехь хила мегар ду нагахь санна да реза хилахь. Нагахь санна иза реза ца хилахь, ненан цIахь хир ду иза. Ткъа оцу массо хьолашкахь и стаг а, зуда а лардала деза цхьана чоьна чохь шаьшшиъ диссарх.[3] Амма бера ца гайта мегий аьлча – ганне а ца гайта мегар дац иза. Нагахь санна и бер шен нана йолчу дахча цо цунна цхьа зен дийр долуш делахь, хуьлийла иза цуьнан дахарна долу зен, йа цуьнан гIиллакхашна, йа динна, масала кхиъна йогIучу йоIе бусалба духар ма леладе бохуш Iиттарш йарца, тIаккха и бер иштта нана йолчу ца дахийта мегар ду. Ганне ца гайта мегар дац бохург хIун ду аьлча – нанна шен бер ган лаахь, цо цунна цхьа зен дарна билггал кхерам белахь, и зен хир доцучу кепара цу бераца цхьаьна цуьнан да, йа кхин цхьа гергарниг волуш цхьаьнакхетийта деза и шиъ. Иза юкъарчу чулацамца дерг ду, ткъа хIора тIехIоьттинчу хьолах лаьцна шена тIекхочехь волчу Iелам-стагах дагавала веза, - «тIехIоьттина иштта а, иштта а хьал хилча ша́ муха хIун дича нийса хир ду-те?» - аьлла. ГIолий хуург сийлахь АллахI ву! 15.08.2009 [1] «Ал-мавсу́Iатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 17\317. [2] Шейх ВахIбат Аз-Зухьайлий, «Ал-фикъхIул-исла́мий ва адиллатухI», 10\62. [3] Уьзза жайна, 10\63.
|