|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Беран корта баьшча, цуьнан месаши барамехь деши а, йа дети дала деза боха, бух болуш хIума дуй и?
Жоп: Бисмилла́хI, алхьамдулилла́хI, вассола́ту вассала́му Iала́ расу́лилла́хI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Тирмизийс а, Хьакима а дийцина: Iелин кIант Хьасан дуьненчу ваьллачу хенахь, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Фа́тIимате аьлла хилла: «Корта а дIабаша цуьнан, месаш оза а озий, церан барамехь сагIийна дети а ло». ХIара нийса хьадис ду.[1] Тирмизийс дийцинчу хьадисехь деана ду, ФатIимата (Дела реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Цуьнан месаш уьйзира ас, цхьа дирхIам, йа цуьнан цхьа да́къа нислур долуш йара уьш». Ахьмада а, ТIабаранийс а дийцинчу хьадисехь деана ду, и дети мискачу нахана дIало́ аьлла хиллера аьлла, тIаккха Хьусайн винчу хенахь ФатIимата цунна а уьзза дина хиллера аьлла. Ахьмада ша́ дийцинчу хьадисехь деана ду, и дети АллахIан некъахь дIало аьлла хиллера аьлла.[2] ТIаккха… «Дукхах болчу Iелам-наха (маликий а, шафиIий а, хьанбалий а мазхIабера Iелам-наха) дика лоруш ду керла динчу беран корта дIабашар ворхIолгIачу дийнахь. (Иштта дика лору цара) цуьнан месийн барамехь сагIа далар дешица йа детица (маликий а, шафиIий а мазхIабехь болчара), йа къаьсттина детица (хьанбалий мазхIаберачара). Нагахь санна корта дIа ца башахь, дIабаьшна хиллехьара месийн барам мел хир бара а хьаьжна, цу барамехь сагIа лур ду».[3] Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дика (мелехь) ду ворхIолгIачу дийнахь беран корта башар. Вайн мазхIабера Iелам-наха аьлла: «Дика (мелехь) ду сагIийна деши далар цуьнан месийн барамехь; ткъа нагахь санна деши ца лахь – дети далар дика ду. Иза цхьатерра (дика лоруш) ду кIантана а, йоIана а. Иштта аьлла иза вайн мазхIабера Iелам-наха. … ТIаккха хьуна хаийла, массо хьадисашкахь деана дерг цуьнан месийн барамехь сагIийна дети далар хилар; вайн мазхIабера Iелам-наха ма-аллара а доцуш, цу хьадисашкахь деши хьахийна ца хилар».[4] Шен кхечу жайни тIехь, бер динчул тIаьхьа лелийча суннат долу хIуманаш дуьйцуш, Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Iакъикъат дийначул тIаьхьа цуьнан корта башар а, цуьнан барамехь сагIа дешица йа детица сагIа далар а».[5] И маьIна тIечIагIдина Имам Нававийн оцу жайнин маьIна динчу Iелам-наха а, уьш боцучара а.[6] Имам Нававийс ма-аллара, хьадисашкахь деана дерг а, хьахийна дерг а детица сагIа далар бен дац. Делахь а, маликий а, шафиIий мазхIабера Iелам-наха, дешица сагIа дала мегаш ду аьлла, церах цхьаболчара дешица далар детица даларал а гIолий ду а аьлла, хIунда аьлча деших луш долу сагIа алсам хир долу дела. Хьанбалий мазхIабера Iелам-наха детица далар бен ца хьахийна, хьадисехь хьахийнарг иза бен доцу дела. Ткъа дешица сагIа дала мегар ду аьллачара деши детица дуьст а дуьстина, деши детих дIатоьхна (йа вуьшта аьлча: «къийас» йина цара, цхьаъ вукхунах дIатохарца), хIунда аьлча и луш дерг сагIа ду, ткъа сагIа алсам мел дели и дика ду. Амма хьадисашкахь дети бен хьахийна ца хилар – цара цунна иштта жоп делла: церан цу хенахь сагIийна дала аьтту хилларг дети хилла, цундела хьадисашкахь иза хьахийна.[7] Цхьаболчу Iелам-наха, дешица сагIа даларна тешаллийна далийна IабдуллахI ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлларг: «Суннатах ду ворхI хIума: …», - цу юкъахь цо аьлла: «Беран коьрта тIера месийн барамехь дешица йа детица сагIа далар». Делахь а, и хьадис гIийла лоруш ду. Лакхахь дийцинчуьнан жамI деш аьлча: керла динчу беран корта баьшча схьайовлуш йолу месаш оза а оьзна, цу месийн барамехь детица сагIа далар нийса хьадисашкахь деана ду, иза мелехь хIума а ду, суннат хIума а ду.[8] Цхьаболчу Iелам-наха и сагIа дешица далар гIолий ду аьлла, вукхара дети бен ца хьахийна. Дешица делча а мегаш ду, йа гIолий ду аьллачеран далил (тешалла) «къийас» ю. Цундела, иза а, важа а бух болуш хIума ду, шен аьтту болчо а, шена луучо а иза а, важа а дан мегар ду. ТIаккха, нагахь санна шена тIера иштта сагIа делла дацахь, иза ша́ шена тIера далар дика ду аьлла цхьаболчу Iелам-наха. Ткъа нагахь санна месийн барам мел бу хууш дацахь – дукхах долчу хьелашкахь иштта хила а хир ду иза – уггар алсам хила мегаш болу барам схьаоьцур бу.[9] ТIаьххьара… СагIийна луш дерг ша́ деши а, дети а дац, церан мах бу, таханлера вай лелош долчу ахчанца. Масала, месаш терзанца оьзча, церан барам 3 грам белахь, ша вехачу меттехь кхаа грам дешин мах хIун бу а хьаьжна, йа детин мах хIун бу а хьаьжна, ша вехачу меттера ахчанца и мах сагIийна лур бу миска нахана йа Делан новкъахь. Дика хуург сийлахь АллахI ву! 02.12.2009 - 1430.12.15 [1] Шейх Ал-Албаний, «Сахьихьул-джамиIис-сагIир», 7960. [2] Шейх Ал-Албаний, «Ирваул-гIалил», 4/402-404. [3] «Ал-мавсуIатул-фикъхIиййатул-кувайтиййахI», 26/107. [4] Имам Ан-Нававий, «Ал-маджмуI шархьул-мухIаззаб», 8/432. [5] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIо́либи́н», 462. [6] Имам Аш-Ширбиний, «МугIнил-мухьта́ж», 4/295; Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьтаж», 4/199; Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рий, «Аснал-матIо́либ», 1/549. [7] Уьзза жайнаш. [8] Суннат ду, мелехь ду, дика ду бохург – дича ме́л а болуш, ца дича къа а доцуш хIума ду. Важиб ду боху маьIна дац цуьнца. [9] Имам Аш-Ширбиний, «МугIнил-мухьта́ж», 4/296; Имам Мухьаммад Ал-ГIамро́вий, «Ас-сироджул-ваххIадж», 564 агIо.
| КхидIа |