Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! Сан цхьа хатар дара, суна хезна доьхьара беран дIаяьхна йолу месаш Къуран юккъе ехкича, иман долш хуьлу олу, или книги юккъе дIаехкича хьекъале хуьлу олу и.т.д, и хIуманаш бакъ дуй, лело мегаш дуй? Ларамца Милана.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бер иман долуш а хир ду, хьекъал долуш а хир ду, дас-нанас иза кхиош хьега ма-дезза къахьегахь. Дукха хьолехь вайн нехан шайн берашца бала ца хуьлу. Цара ишколехь шиъ даьккхича царна дов-м до дас-нанас, делахь а оцу бераца хIора дийнахь цунна хьоьхуш яккха езаш йолу хан ца йоккху, уггар хьалха ас а тIехь. Цхьаболчу (хьекъале болчу) наноша а, дайша а, шайн бераца хIора дийнахь 1-4 сахьт хан йоккху, царна оьшург царна Iамош. Иштта кхуьуш долу бераш ийман долуш а хуьлу (даккхий хилча), хьекъал долуш а хуьлу, массо цхьатера ца хилахь а.

Дала хIокху дуьненахь а, хIокху дахарехь а хIоттийна низам ду, массо хIума цхьацца бахьанца хуьлуьйтуш а ду. Бахьанца хуьлуш доцург пайхамаршна а, эвлаяшна а луш ду, иза а даим дерг дац, церан дахар а «бахьанийн дахар» ду. Бусалба нахана и дахаран Делан низам дицделча, цара бахьанаш лелор Iаддитина, бусалба боцучарна и низам девзича, цара массо агIор бахьанаш лелийна, цундела цара тахана хьалхе яьккхина. Ткъа, месаш книги юкъа яхкар а, йа Къуръан юкъа яхкар а ишттачу бахьанех дуй? «Iилма – Iаморца бен хир дац», аьлла деана ду хьадисехь. Ийман долуш а, хьекъал долуш а бер хилийта лаахь, оцу бераца кхетош-кхиоран болх бан беза, 3 шо кхаьчначу хенахь дуьйна. И бер хецна дитахь, цо «урамера дахар» Iамор ду; оцу берана хезарш-гурш эшарш-ловзарш-синкъерамаш хилахь, цунна Элвис Джексон а, София Королёва а девзар ду, (пайхамарийн а, асхьабийн а, дикчу нехан а, шен къоман турпалхойн а кхачам боллуш ур-атталла цIерш а ца хууш, «эстрадный седарчий» шортта девзаш берш сайна гина дела боху ас иштта); ткъа нагахь санна берана пайденна дерг цунна Iамош дас-нанас къахьегахь (жималлехь къаьсттина ненан декхар алсам ду цигахь), цунна дешаран меттиг уггар диканиг харжахь, цуьнан деша догдоуьйтуш долу массо кепара бахьанаш леладахь, жималлехь дуьйна цунна Къуръан Iамош хилахь, и бер маьждиге дуьгуш, хьуьжаре дуьгуш хилахь, иштта кхидIадолу массо дика цунна хир долу бахьанаш леладахь, и бер ийман долуш а кхуьур ду, хьекъал долуш а кхуьур ду, Дала мукъа лахь.

Цундела, берийн месаш ма йахка Къуръан юккъе а, книги юккъе а. Оцу беран ойла а, хьекъал а оцу Къуръанаца а, книгийца а хилийтар тIехь къахьега, бера кхио ма-дезза кхиорца.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

22/08/2010 = ‏12‏/09‏/1431