Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Зуда доьзалхочух хилча, йоI ю йа кIант ву хьажийта мегий Ислам-динехь? Иза АЛЛАХIАН къайле ю аьлла хезна суна, цундела хоьттара аса.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Мега. Иза ца мага бахьана дац Бусалба динехь.

Амма иза АллахIан къайле ю алар – иза хIокху айатера схьаэцна долчух тера ду: [Бакъдолуш, АллахIехь ду (къемат де хIоттаран) сахьт (хан) довзар; догIа а доссадо Цо; берацIа чохь дерг а хаьа Цунна; синна (адамана) ца хаьа ша кхана дийр дерг; синна (адамана) ца хаьа ша муьлха меттехь лийр ду а].[1]

Имам Ал-КъуртIубийс (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Цу айатах лууш дерг – хиндерг хаьа бохурш а, седарчашца къайлах дерг хаьа бохурш (седажайна хьовсурш) а, седарчашкара гIо лоьхурш а харцбар ду».[2] Цигара схьа девза вайна, оцу айато харц дийриг – къайлах дерг хаьа алар ду. Ткъа, ненан кийрара бера кIант ву йа йоI ю хаар – иза къайлах дерг хаар дац. Иза – Iилманчашна а, лоьрашна а гуш дерг ду. Къайлах дерг – гуш доцуш, хууш доцуш долу хIума ду ду. Иза АллахI воцучунна цхьанна а ца хаьа, Шена лиъча Шен пайхамаршна а хоуьйту Цо цунах цхьадерг. Ткъа, гай тIе аппарат а йиллина, монитор чохь кIант ву йа йоI ю гуш хилар, йа цу белхан цхьа билгало гуш хилар – иза къайлах дац, гуш доцу хIума а дац, мелхо а гуш долу хIума ду, хаа йиш йолу хIума а ду.

ТIаккха, оцу айатехь лууш дерг къаьсттина и хилла ца Iа, кIант ву йа йоI ю хаар доцург а кхин дуккха а хIуманаш ду цу юкъадогIуш: рицкъа мел хир ду а, ирсе хир ву йа дакъаза вер ву а, оьмар мел ю а, Iамал хIун хир ю а, иштта кхидIа. Шейх ВахIбат аз-Зухьайлийс (Дала Iалашвойла иза) аьлла цуьнан маьIна деш: «[берацIа чохь дерг а хаьа Цунна] - и бохург: АллахI воцучунна ца хаьа берацIа чохь долчу беран хир долу хьелаш а, цуьнан амалш а, цуьнан куцош а, иза кIант хирг хилар а, йа йоI хирг хилар а, цуьнан кхоллар кхачаме хирг хилар а, йа кхачамаза хирг хилар а. Ткъа лоьрашна химин бахьанашца и бер кIант ву йа йоI ю хаалуш хилар – царна къайлах дерг хаьа бохург дац иза, хIума зерца хиина ду царна иза, ткъа иза доцург кхин дуккха а хIуманаш ду дуьссуш Iилманчашна хаа йиш йоцуш, и бер дуьненчу даьлча бен хуийла доцуш. Ал-КъуртIубийс аьлла: «Дуккха а зедаларца хаа тарлуш ду и бер кIант хир ву йа йоI хир ю, иштта кхидолу хIума а».[3]

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

2010-08-05 = ‏24‏/08‏/1431


 

[1] Сурат «Лукъман», 31 айат.

[2] «Ал-джамиI лиахькамил-Къуръан», 14/81.

[3] «Ат-тафсирул-мунир», 21/179.