|
|
|
Беллачарна дийна берш хезий? Царна дийначара дийриг-лелориг хаьий?
АIузу биллахIи минашшайтIониррожим. БисмиллахIиррохьманиррохьим.
Беллачарна дийна болчара деш-лелош дерг хаа а хаьа, беллачарна дийна болчара шайга олуш дерг хаза а хеза. Царна иштта хууш хилар а, хезаш хилар а довзуьйтуш даьхкина дуккха а хьадисаш ду. Церах цхьадерш хIорш ду:
· Бадрехь тIом хиллачул тIаьхьа, цигахь байъина хиллачу мушрикашка Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIоранне а цIе а йоккхуш кхайкха а кхайкхина, аьлла хилла: «Шайн Дала шуна кечдина хилларг бакъ дуй хиин шуна? Бакъдолуш суна хии сайн Дала суна кечдина хилларг бакъ дуй». ТIаккха Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Декъий хилла дIабевллачу нахе къамел деш ву хьо?» Цо жоп дела тIаккха: «Бакъонца со ваайтина волчуьнца дуй буу ас, царначул гIолий ма ца хеза шуна хIинца ас бохург, делахь а жоп ца далало цаьрга». ХIара хьадис Бухарис а, Муслима а дийцина. Муслима а, Ибн МардавайхIис а дийцинчу уьзза хьадисехь деана ду, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – иштта аьлла хиллера аьлла: «ХIай Делан Элча! Кхо де даьллачул тIаьхьа а къамел до ахь цаьрга, йа царна хеза ткъа? АллахIа бах: {… ткъа хьоьга хазайталур дац беллачаьрга}. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Сайн са Шен керахь долчуьнца дуй буу ас, церал кхин чIогIа хезаш ма дац шу! Делахь а жоп ца далало цаьрга».
· Насаийс а, Ибн Маджас а дийцина, кешнашка вахча дан деза доIа дуьйцу хьадис, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта доIа де элира аьлла: «Делера маршалла хуьлда шуна, хIокху хIусамийн охIлу, АллахIах тешаш хиллачарах берш а, бусалба хиллачарах берш а. Дала мукъалахь, тхо а шух дIакхетар долуш ду. Дала вайх хьалхабоьвллачарна а, тIаьхьа богIур болчарна а гечдойла. Ас Деле тхайна а, шуна а къинхетам боьху». И доIа вайна ма-гарра беллачаьрга вист хуьлуш деш доIа ду.
· Муслима дийцинчу хьадисехь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, веллачу стагана Iазап хуьлу цуьнан охIлу цунна тIаьхьа делхарца». Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бах, оцу хьадисан маьIна деш: «Шен охIлу шена тIаьхьа доьлхуш цунна хеза дела Iазап хуьлу цунна, хало хуьлу цунна и бахьана долуш».
· Имам Муслима дийцинчу хьадисехь деана ду, велларг дIавоьллинчул тIаьхьа, адамаш цунна уллора дIадоьлхучу хенахь, цунна церан когийн болар хеза аьлла.
· Имам Ибнул-Къаййима дийцина «Ар-Рухь» жайни тIехь, Имам Ибн Iабдил-Барра – Дала къинхетам бойла цаьршиннах – аьлларг: «Билгал девзаш деана ду Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цо аьлларг: «Цхьа бусалба стаг шена дуьненахь вевзаш хиллачу шен бусалба вешин каш уллех волучу хенахь цо цуьнга салам лахь – Дала цу веллачуьнан са цунна чу юха дерзор ду, цуьнга цуьнан саламна жоп далийта».
Уьш доцурш а кхин а дуккха хьадисаш а ду, асхьабийн дешнаш а ду, Iелам-нехан дешнаш а ду и маь Iна довзуьйтуш.
Иза девзинчул тIаьхьа… Къуръан тIехь ши айат ду, беллачарна хезаш ца хилар гойтуш. Цаьршиннах цхьаъ «Ар-Рум» сурат тIера 52 айат ду, Дала Пайхамарга олуш: {… ткъа хьоьга хазайталур дац беллачаьрга}. ШолгIа айат «ФатIир» сурат тIера 22 айат ду, юха а Дала Пайхамарга олуш: {…кешнаш чохь болчаьрга хазайталур долуш а вац хьо}. Доьххьара дIа хьаьжча оцу айатийн маьIна – беллачарна хезийла дац бохург санна хуьлу, амма цаьршинан нийса маьIна – керста нахе, мушрикашка айхьа дуьйцург къобал дайталур дац хьоьга бохург ду, уьш белла нах санна болу дела, Дала уьш беллачу нахах тера лерина дела. Оцу айатийн иштта и маьIна ду аьлла Iелам-наха, масала Имам Ибн Таймиййас а, Имам КъуртIубийс а, Имам Ибн Касира а, Имам СуйутIийс а – Дала къинхетам бойла церах –. Оцу айатийн и маьIна хилар билггал гойту вайна вай доьххьара дийцинчу хьадисехь, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега Iумара цу шина айатах цхьаннах лаьцна шега хаьттича, цо деллачу жоьпо.
Амма Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – беллачарна ца хеза аьлла маьIна долуш аьлла долу дешнаш – цхьаболчу Iелам-наха цуьнан маьIна оцу айатийн маьIна санна ду аьлла, вуьшта аьлча: «царна пайда бийр болчу хазарца ца хеза царна, Делах тешар къобал дойтуш долчу хазарца ца хеза царна, делахь а хаа-м хаьа царна шайна хилларг». Иза мухха делахь а, билггал долчу Пайхамаран хьадисашкахь вайна гуш дерг беллачарна хезаш хилар ду, цундела вай хьалха даккха дезаш дерг Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дешнаш ду.
ТIаьххьара, хIара дIадерзош билгалдаккха деза цхьа хIума: схьагарехь, хIара хаттар даран бахьана беллачаьргара Делера санна орцу дехар ду, цаьргара Делера санна гIо дехар ду. Дийна болчара дуьйцург беллачарна хезаш хилар тешалла а дац, йа бахьана а дац Деле санна цаьргара гIо-орцу лахарна, муххале а иза мегаш дац, даккхийчу къинойх цхьаъ ду, Дала лардойла вай Шеца гIоьнчий лецарх.
Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! |