|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Цхьа хIума хазйелча, йа бер гича, бIаьрг ца хилийта "машаАллахI" ала деза, йа "баракаЛлахIу фикя" ала деза?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! «Къуръанаца а, Суннатца а дарба дар» цIе йолчу жайни тIехь Шейх СаIид Ал-КъахьтIа́нийс аьлла, бIаьрг хилийтарх ларлуш дан дезарг дуьйцуш: «Ша цхьанна бIаьрг хилийтарна кхоьруш волчо, шена шеца, йа шен берашца, йа шен даьхница, йа шен вежаршца, йа цхьана кхечу хIуманца шена хазахеташ долу хIума гича, цунна беркат хилийта аьлла доIа дан деза, масала: «Ма́ша́алла́хI», «Далла лиънарг ду-кх иза! Делера бен ницкъ бац-кх! Везан Дела беркат де ахь цунна!» - аьлла, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Шайна шайн вешица цхьа хазахоьтуьйтуш долу хIума гича, цунна Деле беркат деха аш».[1] Беркат дехарх лаьцна долу и хьадис нийса хьадис ду. Амма «Ма́ша́алла́хI» алар – цунах лаьцна деана а хьадис ду, Имам Нававийс «Ал-Азкар» жайни тIехь дийцина иза, делахь а цуьнан иснад гIийла ду. Ткъа иза алар дика хилар Къуръан тIера схьаэцна ду, сурат «Ал-КахIф» юкъара 36 айатера. Имам Ибн Каси́ра (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла цу айатан тафсирехь: «Цундела аьлла хьалха хиллачу цхьаболчу Iеламнаха: «Шена шен хьолехь, йа шен даьхнийца, йа шен берашца, йа цуьнан даьхнийца цхьа хIума хазделлачо олийла: «Ма́ша́аллах́I, ла́ къуввата илла́ билла́хI». Иза (алар дика хилар) хIокху айатера схьаэцна ду».[2] Цундела, доьххьара Шейх СаIида ма-аллара, и шиъ цхьаьне алар дика ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 30.03.2010 = 14/04/1431 [1] Ахьмад, Ибн МаджахI; Ал-Алба́ний, «Сохьи́хьул-джа́миIис-согIи́р». [2] Имам Ибн Касир, «Тафси́рул-къуръа́нил-Iази́м», 5/158.
| КхидIа |