Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум Олхазар!
Сан цхьа ши хаттар дара хьога. Европехь ду тхо хан-зама йоккхуш. Кхузахь зуда ялийна ас, бусулба динехь йолу условеш кхочуш йеш. Амма кхузара Iедала гергахь со зуда ялоза верг ву, регистрации (загсехь) ца йар бахьана долуш. Иза ца яр бахьана хIун ду: ахча ду. Со суo Iеш ву бохуш, сай отдельно адрес долуш хилча, суна а пособи хуьлу, тIаккха иштта сан хIусамнанна а хуьлу, мать-одиночка ю аьлла. Нагахь оху и брак официально Загсехь  йича, цхьана Iаш ду аьлча, и ахча дуккха а кIезга хуьлу (ша дерг яа хIуманна а, квартирана а дIадоьду ала мегар ду). Ткъа хIинца цIахь болчу дена-нанна а гIо дан аьтто хуьлу, жим-жима цIахь дан дезаш долу цIенош дан аьтто хуьлу. Оцанах лаьцна хьуна хIун аьлла хета, и ахча тхуна хьарам ду я дац? Загсе даха дезий тхо?

ШолгIа хаттар. ЦIера дуьйна кхуза схьабаьхкина цхьа семья санна, юха кхузахь развод йо шаьш Iедална гергахь олий, иштта и ахча бахьана долуш, хIума чIогIа даьржина кхузахь. Оцунах лаци ала хьайна хетариг.

АллахI реза хуьлда хьуна.

 

 

Жоп:

БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI!

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

1. Хьан хIокху хьалхарчу хаттарх лаьцна, европехь тайп-тайпана 4 пачхьалкхехь бехаш болчу дешначу нахаца а, мутаIеламашца а дагавелира со, хуьлуш дерг ма-дарра девзаш хилийтархьама. Хьайн хаттарехь ахь дуьйуш долу хIума муха леладо а, стенна леладо а теллича, цунах билгалдолуш дерг иштта чаккхе йолуш хIума дара: ахь и хIума иштта дар – хьо вехачу махкара Iедал Iехор ду, хIилла дар а ду, пуьташ боттарна герга долу хIума а ду. Ткъа иза Бусалба дино магош дац. Цхьана агIор, и хIуманаш бусалба стагца хила йиш йолуш хIуманаш дац, бусалба стеган гIиллакхца догIуш дац. ШолгIа делахь, хьо вехачу махкахь долчу Iедало хьо шайн махка чувитарца хьоьца барт беш хуьлуш бу, ахь шайна зен хуьлу хIума а лелор дац, ахь шайна хIилланаш а лелор дац, ахь шаьш Iеха а дийр дац аьлла. И барт кхин а чIогIа чIагIло, Iедало хьуна шайн махкахь Iен бакъо яларца а, хьо цара шайна тIелацарца а. Ткъа ахь Iедал Iехийча, ахь хIилла лелийча, хьо харц лийча, хьо и барт бохош хуьлу, ткъа иза Бусалба дино магош дац, цунах лаьцна вай дийцира хьалха масех хаттарехь. Цул совнаха, бусалба нах хIилланаш лелор бен, Iехор бен, лачкъор бен, харц лер бен, муьлхха кепара даьхни даккхар бен кхин бала болуш бац аьлла кхетам а кхоллаболуьйту оцу хIуманаша. Ткъа керста нахана юкъахь вехаш волу бусалба стаг – Бусалба динан геланча ву. Цо ша дика гайтахь, Бусалба дин дика гур ду, цо ша вочу агIор гайтахь – Бусалба дин вочу агIор гур ду. Иза вуно доккха хIума ду. И массо бахьана цхьанакхеташ хилар девзича, цигара схаь билгалдолу вайна, иштта и ахча схьаиэцар мегаш ца хилар.

Цунах кхета хьуна а, кхечунна а атта хилийта, иштта масал далор ду вай: вай вешан махкахь иштта хийра стаг тIелоцуш хилча, цо оцу кепара вай Iеха а деш, дерг ма-дарра вайна хиъча вай цунна лур доцу ахча цо вайгара иштта доккхуш хилча муха хетар дара вайна? Йа хьо цхьана нахана гIо деш хилча, уьзза хIума хьуна кхечо дича муха хетар дара хьуна?

Цундела, ахь и хIума дан мегар ду аьлла ца хета суна а, йа со дагаваьлла хиллачу масех дешначу стагана а. Айхьа зуда ялийнехь, айхьа иза ялийний дIахаийта деза ахь.

2. Амма шолгIа хаттар – нагахь санна Iедална гергахь оцу кепара зуда юьтуш волчо ша́ шен зуда юьтуш аьлла шен маттаца схьаьаллехь, шариIатехь цуьнан зуда йитаелла лоруш ю. Кхузахь цхьаъа башхула а яц, цо иза керста къедана хьалха аьлла делахь а, Iедална хьалха аьлла делахь а, муьллхха кхечу меттехь аьлла делахь. Маттаца цо шен зуда ша́ йитина аьлла схьааьллехь, шариIатехь иза йитаелла лоруш ю. Амма цо иза маттаца аьлла а доцуш, кехат тIехь яздина делахь, тIаккха нагахь санна цо иза яздечу хенахь цуьнан иза йита ниййат хиллехь – иза йитаелла лоруш ю, ниййат ца хиллехь – йитаела лоруш яц. Иза вай дийцира жимма хьалха хIокху хаттарехь:

«Луш долу ахча дIа ца даккхийта, зуда йитина аьлла куьг таIо мегар дуй?».

ТIаккха, нагахь санна иштта цара иштта и «развод» йарехь хIилла дар делахь, Iехор делахь, доцург дийцар делахь, и хIума дар хьарам ду, и хIума дарца схьаэцна долу ахча а хьарам ду. Иза а вай дийцира оццу хаттарехь.

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

02.05.2010 = ‏18‏/05‏/1431