|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Доьзална луш пособи ду, майрчунна а зудчунна а берашна а, квартилах дIалуш а ду цара. Чуьра цхьа стаг балха вахча, оцу стаган луш дерг дIадоккху зудчунна луш дерг дIадоккху, квартилах луш дерг дIадоккху, и ахча цаьрга дIа ца дакхийта балха вахча, хIокхера (Европехь) Iедалехь развод йина аьлла куьг таIо мегар дуй, дагчохь и йитар ниййат доцуш. Цуьнан хьукма мух ду, иштта развод ян мегар дуй, иштта хьолехь зуда йитам ца ло? Дала диканца бекхам бойла хьуна!
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! ХIокху хаттарехь хьажа везаш ши хIума ду: цхьаъ – иштта куьг таIорца зуда йитича, иза нийса хуьлу йа ца хуьлу, зуда йитаелла хуьлу йа ца хуьлу?; шиъ – оцу ахчана доьхьа и хIума дан мегар ду йа дац, и ахча хьанал ду йа дац? Амма хьалхарниг: иза яздарца зуда йитарх лаьцна долу хаттар ду, оцу хаттаран кхо агIо а ю. 1. Маттаца вистхилалуш волчу стага зуда йитаран дешнаш яздахь, яздарца цхьаьна маттаца уьш схьа а олуш – цуьнан зуда йитаелла ларалуш ю, хIунда аьлча цо шен маттаца ша́ шен зуда юьту аьлла схьааьлла долу дела. 2. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь – масала: «Ас сайн зуда йити», йа «Ас хьо – хьенех - йити», аьлла яздахь – тIаккха цо уьш яздечу хенахь цуьнан иза йита ниййат (дагчохь лаам) хиллехь, цуьнан зуда йитаелла лоруш ю. ХIунда аьлча, цхьана агIор, и яздар тера ду билггал зуда йитаран маьIна доцуш долчу дешнех, ткъа оцу дешнашца цхьаьна ниййат хилча зуда йиталуш ю, ниййат ца хилча зуда йиталуш яц; вукху агIор, яздар – луург дIадовзийтаран шина некъах цхьа некъ бу, вистхиларца цхьаьна, цундела цуьнца цхьаьна йита лаам белахь, вистхилча йиталуш хиларе терра кхузахь а йитаелла хилар нийса хила до́гIу. 3. Нагахь санна цо маттаца схьа а ца олуш, и дешнаш яздахь, делахь а уьш яздечу хенахь цуьнан дагчохь иза йита лаам хилла бацахь (йита ниййат хилла дацахь), цуьнан зуда йиталуш яц, хIунда аьлча зуда йита цуьнан ниййат хилла а доцу дела, йа аьлла дешнаш а доцу дела.[1] И кхо агIо вай йоцца йийицича: маттаца схьа а олуш яздича, зуда йитаелла хуьлу; маттаца схьа а ца олуш яздича – йита лаам хиллехь йитаелла хуьлу, ца хиллехь ца хуьлу. Амма шолгIа хIума: иза оцу кепара хуьлуш долу ахча ду, йа, и ахча хилийтархьама и хIума дан мегар ду йа дац боху хаттар ду. И санна долчу хаттарна жоп делла болчу вайна гинчу Iеламнаха массара цхьатерра иза мегар дац аьлла жоп делла.[2] Иза нийса а ду. ХIунда аьлча, и ахча Iехорца а, харцлерца а схьаоьцуш ду, ткъа и шиъ ший а хьарам ду, харц лер даккхийчу къинойх а ду, цунах лаьцна айаташ а, хьадисаш а кхузахь вай дийца ца оьшуш массарна девзаш ду. Харц лер а, Iехор а бусалба стеган а, бусалба зудчуьнан а гIиллакх дац, йа цаьршинан бусалбаллин локхаллийца догIуш а дац. ТIаккха, цхьамма ма олийла, ас Iехориш керста-нах бу. ХIунда аьлча, цкъа делахь, Iехор а, харц лер а, пуьташ боттар а айаташкахь а, хьадисашкахь а ца магочу хенахь, къастам бина бац бусалба нахана а, керста нахана а юкъахь, дикачарна а, вуочарна а юкъахь. ШолгIа делахь, шайна ямартло йийр яц, шаьш Iеха а дийр дац, шайн низамца ца догIург лела а дийр дац аьлла оцу пачхьалкхаша тIелаьцна хилча, цаьрца и хIуманаш лелор хьарам ду. Иза вай дийцира хьалха масех хаттарехь. ТIаккха, цIахь цIено дан а лаахь, цIерачарна гIо хилийта а лаахь, шена тоам боллуш ваха а лаахь – шена цхьа дика говзалла Iамо еза, йа цхьанхьа дикаче деша ваха веза. Тахана европехь долчу шун санна и аьтту болуш зама хилла а яц, иштта и аьтту боцуш вуно дукха нах бу, вайн къомах берш а боцурш а. Цундела, Дала шайна динчу ниIматана Далла хастам бар а декхар ду шу, кханена а, тIаьхьлона а ойла а йина, и ниIмат эрна да́н ца да́йтар а декхар ду шу. Цундела, цхьа дика куьйга говзалла Iамо хьаьжча, йа шена пайденна хир долу дешар дешча, 3-4 шарахь доьххьара хала хилахь а, цул тIаьхьа дуккха атта хир ду, Дала мукъа лахь. Шена чохь тоам бан а аьтту хир бу, хьашт долчарна кхечарна дан гIо а хир ду. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 23.04.2010 = 09/05/1431 [1] Имам Ан-Нававий, «МинхIажут-тIо́либи́н», 340 агIо ; Имам Ал-ХIайтамий, «Тухьфатул-мухьтаж», 32/411; Имам Ар-Рамлий, «НихIа́йатул-мухьта́ж», 6/436; Имам Аш-Ширби́ний, «МугIнил-мухьта́ж», 3/284. [2] Хьажа, масала: «Фата́ва́ вастиша́ро́т ал-исламил-йавм», Шейх Мухьаммад Ал-Мани́Iий, 11/362.
| КхидIа |