|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! "Аллах" - Делан цIе юй, йа Iарбийн маттахь просто "Дела" бохург ду? Масала, шахIадат гочдеш хилча "Дела вац Аллах воцург" аьлча нийсо хуьлу, йа "Дела вац цхьаъ Дела воцург" нийсо хуьлу? Вайна ма хаара, Делин 99 цIе ю (вайн хууш ерш), царна юккъе йогIий "Аллах" цIе?
Жоп: БисмиллахIиррохьманиррохьим. АлхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI. Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! АллахI (иштта, тIаьххьара лаьтташ «хI» а долуш) – Кхоллархо волчу Делан цIе ю. Масала, хьан цIе Ахьмад хилча муха хир дара, оцу цIарца нахана хьо вевзаш а волуш – иштта цIе ю иза стигланаш а, латтанаш а, дерриге Iалам а кхоьллина волчу Кхоллархочуьнан. Массо хIумана Эла а, Дела а волу Кхоллархо шеца вевзаш йолу Цуьнан уггар коьрта цIе ю иза. Цхьаболчу Iеламнаха ма-аллара, йовзийта ца езаш, уггар евзаш йолу цIе а ю иза. Иза Цуьнан цIе хилар тIехь Iеламнехан бартхилла бу. Ахь юьйцуш йолчу (вайна евзаш йолу) 99 цIарах уггар доьххьара яьккхина ю и цIе, и цIераш юьйцуш деана долчу хьадисехь.[1] Амма шахIадат гочдечу хенахь аьлча нийса хир дерг – суна хетарехь иза иштта ду: «АллахI воцург кхин дела вац», йа «Кхин дела вац АллахI воцург», йа «Шена Iибадат дан хьакъ долуш кхин дела вац АллахI воцург», йа «Бакъволу дела вац АллахI воцург». Кхузахь «иллаллахI» бохург доккхачу элпаца «Дела» а яздина дитича нийса хир ду аьлла ца хета суна, хIунда аьлча цкъа делахь иза ладугIуш волчунна кхетаме а дац, шолгIа делахь АллахIа Ша Шен сийлахь цIена цIе ю оцу тешаллийна хIоттийна ерг, Ша цуьнца вовзийтархьама. Иштта ша ма-йарра и цIе йоккхуш ала а, яздан а деза «ЛаилахIа иллаллахI» боху дешнаш а, оцу маьIнехь оцу кепара долу дерриге дешнаш а. ТIаккха, «Кхин дела вац АллахI воцург» олучу хенахь «дела» боху дош оьрсийн «бог, божество» бохучу маьIнийца хуьлу, цундела жимчу элпаца яздар нийса хир ду («Нет бога, достойного поклонения, кроме АллахIа). Амма кхидолчу дешнашкахь мегар дуй аьлча, АллахI бохучу дешан меттан Дела ала, масала «росулуллахI» гочдеш хилча «АллахIан элча» ала деза, йа «Делан элча» ала а мегар ду? Ишттачу меттехь «Делан элча» аьлча гIалат хир ду аьлла ца хета суна, и шиъ ший а ас айса лела а до. Ткъа вайн нахана юкъахь дукха хьолехь олуш дерг «Делан элча» ду, «АллахI» ишттачу меттехь кIезга леладо. Шена лиъча иштта а, вуьшта а ала мегар ду аьлла хета суна иза, и санна йолчу меттигашкахь. Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву! 29.12.2010 = 23.01.1432 [1] Ерриге и цIерш цхьаьне юьйцуш долу и хьадис Тирмизийс дийцина ду, иснад гIийла ду а боху цуьнан, Iеламнаха. Делахь а, цу хьадис юкъахь йолу и цIерш кхечу нийсачу хьадисашкахь, йа айаташкахь яьхкина ю.
| КхидIа |