Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Видео

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

Хаттар:

Ассаламу Iалайкум! КIантана тIера хьакъикъатана, шен хьоле хьаьжна цхьа уьстагI бийнера вайн бусулба вашас, тIакха шолгIа уьстагI бе маца мегар ду цо, шен аьтту хилча, цунна тоьхна хан юй?

 

Жоп:

БисмиллахIир-рохьманир-рохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шайна омру дира аьлла: «КIантана тIера цхьатерра ши уьстагI бе, йоIана тIера цхьа уьстагI бе».[1] Оцу хьадисехь «цхьатерра» бохучу дешан маьIнех цхьа маьIна цхьаболчу Iелам-наха «цхьаьне буьйш болу шиъ» бохург ду аьлла, йа «цхьатера а болуш, цхьаьне буьйш болу шиъ» бохург ду аьлла.[2]

Цхьаболчу Iелам-наха иштта и аьлла хилар доцург, Iакъикъатана буьйш болу ши уьстагI цхьаьне бен беза аьлла деана хIума дац.

Бакъду, тIаьхьа а ца тоттуш, цхьаьне бийча гIолий лоруш ду.[3]

«Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Хьасанна а, Хьусайнна а тIера (Дела реза хуьлда цаьршинна) ши уьстагI бийра Iакъикъатана» аьлла деанчу хьадисан а, «цо цаьршинна тIера шишша уьстагI бийра» аьлла деанчу хьадисан а маьIна деш, цхьаболчу Iелам-наха аьлла: шена цу дийнахь ши ка бен ца карорна, йа цхьа кхин хIума бахьана долуш тIаьхьатеттича шена дика хетта хиларна, цкъа доьххьара цаьршиннах хIоранна тIера цхьацца уьстагI а бийна, тIаккха шолгIачу дийнахь, йа цхьана кхечу хенахь биссина шиъ тIе бийра цо бохург хила а мега оцу хьадисийн маьIна.

Цундела, нагахь санна шен аьтту белахь, ший а цхьаьне бийча дика ду и шиъ, аьтту бацахь, цхьаъ цхьана хенахь а, важа вукху хенахь а бен мегаш ду, шен аьтту ма-баьлла.[4]

Ткъа оцу хенан чаккхе йолуш хIума дуй аьлча, йа и шолгIаниг берна тоьхна хан юй аьлча – цунах лаьцна хIумма а хьахош суна гина дац. И шиъ цхьана хенахь бер биллам бац аьлла Iелам-наха Iаддитина хиларе хьаьжча, цунна тоьхна хан ца хилар го, цундела, и бер кхиъна да́лале хьалха бийча мегаш хила до́гIу иза, Дала мукъа лахь.

ТIаьххьара, билгалдича дика хир ду: кIантана тIера ши уьстагI бер дика ду, гIолий а ду, мелехь а ду, хIетте а цхьа уьстагI бийча а суннат тIерадолуш ду.

Дика хуург сийлахь АллахI ву!

30.11.2009

 

 

 

[1] Тирмизий.

[2] «ТIорхьут-тасриб», 6/98-99.

[3] Шейх Iабдул-Мухьсин Аз-За́мил, «Шархь китаб булугIил-маро́м» (Китабул-атIъIимахI, бабул-IакъикъахI). (Аудио).

[4] «Фатава аш-шабакатил-исламиййахI», фатва № 6323.