|
|
| Видео |
|
Хаттар: Ассаламу Iалайкум! Берана догIуш долчу ахчанах берана хьакъикъат дайтар нийса дуй-те бусалба динехь?
Жоп: БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала росулиллахI! Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Берана Iедало луш долу ахча оцу беран ахча ду, цуьнан хьаштана а, цунна оьшучунна а дIахьажо дезаш ду иза. Ткъа Iакъикъат оцу берана рицкъа латто дезачо шен ахчанах доьйтуш ду, беран ахчанах доьйтуш дац, иштта билгалдина а ду иза шафиIий мазхIабера Iеламнаха, беран ахчанах доьйтур дац аьлла. Нагахь санна оцу беран ахчанах цунна тIера Iакъикъат дейтахь, и ахча декхар хилла тIедужур ду Iакъикъат дейтина волчунна, оцу берана дIадала а дезар ду иза.[1] Цундела, берана догIуш долчу ахчанах цунна Iакъикъат дер нийса ца хуьлу. Ткъа дика хуург сийлахь волу АллахI ву! 17.12.2010 = 1432-01-11 [1] Хьажа: «Ровдатут-тIолибин», 3/230, Имам ан-Нававий; «Аснал-матIолиб шархь ровдит-тIолиб», 1/548.
| КхидIа |