|
|
|
Ва 1алайкум ассалам ва рохьматуллах1и ва баракатух1! Дела реза хуьлда хьуна!
1 – Дуьненчу даьлла долу бера-корта баьшчи, цуьна месех х1у да-деза?
Дуьненчу даьлла долчу беран ворх1алг1ачу дийнахь корта башар а, цунна ц1е тиллар а, цунна т1ера 1акъикъат (вай "хьакъикъат" олу цунах) дер а суннат ду. Имам Тирмизийс а, кхечара а дийцинчу хьадисехь Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна аьлла -: "Х1ора к1ант (бер) шен хьакъикъатца доьзна ду, ворх1алг1ачу дийнахь дуьйш долчу, (цу дийнахь) ц1е а туьллу цунна, корта д1а а бошу цуьнан".
Амма цуьнан месех дан дезарг - уьш цхьанхьа ц1енчу метте лаьттах йохка еза, кхийолу хедийна месаш а, м1араш а санна. Иштта деш хилла аьлла деана ду, Ибн 1умара а - Дела реза хуьлда цунна - Ибн Сийрийна а, Муджах1ида а, Ал-Къосима а, иштта кхиболчу баккхийчу 1елам-наха а ("Алмаджму1 - Китабутт1ах1арах1" Имам Нававий; "Фатава Ибн 1усаймин"). Воккхачо а, жимчуьнан а хедийна месаш а, м1араш а, д1аяьккхина церг а нагахь санна шен таро елахь лаьттах йохка еза, лаьттах йохка таро ца хилахь цхьана ц1енчу метте д1акхисса еза. Уьш лаьттах йохкаран бахьана масех ду: адаман сийлалла цуьнах схьадолуш долчу дакъанца а ю, цундела и сийлалла ларйан еза; и месаш-м1араш бозбунчалла лелош болчеран кера ца йахийтархьама, х1унда аьлча цара уьш жинашка схьа а эцайте, цаьрца бозбунчалла леладо дела; церах кхечу нахана новкъарло ца хилийтархьама.
2 – 1акъикъатан бийна болу устаг1 бекъа муха боькъу техь? Цуьна жижиг, когаш корта, чуоко, дог пах и массо х1ума цхьатерра екъа езаш юй, йа цхьа жижиг ду декъа дезаш дерг?.
1акъикъатана бийна болу уьстаг1 тилийначул т1аьхьа, иза боькъучу хенахъ даь1ахк ца кагйеш бекъча дика ду, шена т1ера и уьстаг1 бийна долу бер а маьрша-могуш кхиийтарга догдохуш. Нагахь санна шен таро елахь, цуьнан жижиг буьйда д1аса а ца доькъуш, мискачу нахана кхехка а дина д1асадахьайтича дика ду. Миска нах кхайкхина, цаьрга даийтича а х1умма а дац. Шена лаахь цхьадерг д1асадекъа мегар ду, важадерг шен ц1ахь нах кхайкхина дао мегар ду. Цуьнан жижиг а, чуоко-дог-пах а, иштта кхидолу дакъанаш а цхьатерра ду д1асадекъарехь а, шен ц1ахь даорехь а. 1акъикъатана бийначу уьстаг1ах цхьа а х1ума йохка мегар дац, я ц1ока а, я ког-корта а, я кхийолу х1ума а. Уьстаг1ана урс хьакхначунна, я иза тилош болх бинчунна механа яла а мегар дац цунах цхьа а х1ума. Амма нагахь санна цунна урс хьаькхначунна, я цу т1ехь болх бинчунна саг1ийна цхьаъ йала лаахь йала мегар ду, амма механа йаларх ларвала веза. К1антана т1ера ши уьстаг1 бийча дика ду, цхьаъ бийча а суннат т1ера дер ду, ткъа, йо1ана т1ера цхьа уьстаг1 бийча дика ду.
Дала Шена а, шен дена-нанна а муьт1ахь доьзалхо войла, Дала беркат дойла!
____________________________________________
|