Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

 Хастам бу АллахIана, Иза реза волччул, Цунна хила беззачул. АллахIера салават а, салам а хуьлда Цуьнан лай а, Элча а волчу вайн пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан цIеначу охIлунна а, цуьнан дикачу асхьабашна а, къемат де кхаччалц царна диканца тIаьхьа мел ваьзначунна а.

 

Хаттар: Зудчунна хазахетита путаш бот мегар дуй? бусулба динехь муха дуьйца цунах лаьцна?

 

Жоп:

Шеко яц харц лер уггар боьха, уггар вон къинойх цхьа къа хилар. Иза иштта хилар гойтуш дуккха а тешаллаш ду Къуръан т1ехь а, Суннатехь а.

Харц лер Аллах1ах тешаш болчеран г1иллакх ца хилар хоуьйтуш, лекха хинволчу Аллах1а бах Шен Къуръан т1ехь: {Аллах1ан аятех (билгалонех) тешаш боцучара бен ца кхуллу харц дерг (харц дерг цара бен юкъа ца доккху), уьш бу и харц луьш берш}.

Бухарис а, Муслима а дийцинчу хьадисех ду Делан Элчанан - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - дош: "Бакъдолуш, бакълеро дикаллийна т1е нисво, дикаллийно ялсаманина т1енисво; бакъдолуш цхьа стаг даим бакъ луьш хуьлу, Аллах1ана гергахь "сиддикъ" (баккъалла а бакъ луьш верг) аьлла д1авазваллалц! Бакъдолуш, харц леро воллийна (вочунна) т1е нисво, вочо жоьжахатина т1енисво; бакъдолуш цхьа стаг харц луьш хуьлу, Аллах1ана гергахь "харц луьйриг" аьлла ц1е тоьхна д1авазваллалц".

Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - аьлла: "Мунафикъ стеган билгало кхоъ ю: ша къамел деш харц лоь иза (пуьташ бутту цо), ша ва1д дича (цхьана х1уманна дош делча) иза чекх ца доккху цо, шех тешначунна тешнабехк бо цо". (Бухари, Муслим)

Оцу аято а, хьадисаша а гойту вайна, харц лер доккха къа хилар а, иза хьарам хилар а, иза бусалба стеган г1иллакх ца хилар а.

Цул т1аьхьа: Имам Бухарис а, Имам Муслима а, Имам Абу Давуда а, Имам Тирмизийс а, иштта кхечара а дийцина Делан Элчано - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - аьлла долу х1ара хьадисаш:

"Харц луьш вац нахана юкъахъ масла1ат деш верг - диканиг д1акхачош, диканиг олуш верг".

"Доцург дийцар кхаа х1уманна бен мегаш дац: шен х1усамнана реза ян стага къамел дар а, т1амехь 1ехор а, нахана юкъахь масла1ат дан доцург дийцар а".

Умм Кулсума - Дела реза хуьлда цунна - аьлла: "Наха "харц лер" олуш долчу х1уманна юкъа дог1уш долу цхьа а х1ума Пайхамара - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - магош ца хезна суна х1ара кхоъ доцург: т1амехь а, нахана юкъахь масла1ат деш а, стага шен зудчуьнга къамел дар а, зудчо шен стаге къамел дар а".

Оцу хьадисаша мегаш доцучу харц лерна юкъарадаьккхинарг кхо х1ума ду: т1амехь керста мостаг1 1ехор а, нахана юкъахь масла1ат дар а, майрчо-зудчо вовшашна юкъахь дуьйцуш дерг а. Оцу юкъарадахарийн билгал маъ1на дина оцу хьадисийн шархь (маь1на) динчу 1елам-наха, цу хьадисашкахь дерг баккъал харц лер дац, пуьташ боттар а дац, доцург дийцар а дац, лууш цхьаъ а долуш, кхиниг моттийтар ду аьлла.

Амма т1амехь харц лерах лаьцна, 1елам-наха масала далийна магийна долчу харц лерна: масала "шун паччахь велла" алар, шен дагчохь цкъа мацах хилла волу паччахь а волуш; я "кхана тхуна г1о кхочур ду" алар, дагчохь юу х1ума а йолуш. Доцца аьлча, бусалба нехан ницкъ алсам гойтур долу х1ума алар, керста нах 1ехор болу х1ума алар магийна ду.

Амма нахана юкъахь масла1ат дарх лаьцна 1елам-наха аьлла: "Цу хьадисехь лууш дерг - шена хиъна долу дика д1адовзийтар ду, шена хиъна долу вон х1ума къайла дахийтар ду". Нагахь санна масла1ат кхечу кепара далуш дацахь, т1аккха вай хьалха хьахийначу маь1нийца къамел дан а мегар ду, дагчохь цхьаъ долуш, кхин х1ума мотта а моттуьйтуш.

Амма майрачо зудчуьнга деш долчу къамелах лаьцна, оцу хьадисан маь1на деш, Имам Нававийс - Дала къинхетам бойла цунах - бах: "И мегаш хилар безам гайтарца доьзна ду, ша ца дича ца долуш дерг а доцуш кхидолу х1ума ша дийр ду алар ду". Имам Ал-Хатт1обийс бах цунах лаьцна: "Стага шен зудчунна доцург дийцар - иза ша дийр долчул алсам ша цунна дика дийр ду алар ду, шегахь болчу безамал дукха цунна безам гайтар ду, цуьнца шен яккха еза хан совйоккхуш, цуьнан г1иллакхаш туодеш". Оццу маь1нийца мегаш ду зудчунна а шен майрачуьнга харц лиэ, цундела шен майрачо шега ша везарх лаьцна хаьттича, "веза" ала деза цо, шена иза везаш вацахь а, шайн доьзалан дахар лардархьама, шайна юкъахь цабезам ца кхоллабалийтархьама.

Кхузахь билгалдаккха деза, ши х1ума:

1) И шиъ вовший цу лекхара х1умнаш т1ехь харц лиэ магар шаьшшинан доьзалан дахар бахьанехь хила деза, шайн доьзал боха ца бохийтархьама хила деза, шайна юкъара марзо ч1аг1ялийтархьама хила деза. Оцу бахьанашна бен харц дерг дийца мегаш дац, оцу бахьанашна иза дуьйцуш хилча а цу лакхара масалехь ма-дарра бен дийца мегаш дац.

2)Вовший цаьршима кхочуш дан дезачу хьакъ т1ехь 1ехо мегаш ца хилар а, харц лиэ мегаш ца хилар а. Иза довзуьйтуш Имам Нававийс бах: "Амма майрачо шена т1ехь долчу хьакъ т1ехь зуда 1ехор, я зудчо ша дан дезачунна т1ехь майра 1ехор, я майрачо шен доцург зудчуьнгара 1ехийна схьадаккхар, я уьзза х1ума зудчо дар - иза хьарам ду, массо бусалба нехан барт хилла а ду хьарам ду аьлла".

 

 _________________________________________________
 

5