|
|
| Видео |
|
Имам Ибн Рушд Дала къинхетам бойла цунах
ЦIе: Ахьмадан кIант Мухьаммад ву иза. Цуьнан пхоьалгIа ден цIе Рушд хилла, цундела олу цунах Ибн Рушд (Рушдан воI). Дахар: Ваьхна 1126 – 1198 шерашкахь (520-595 ш. бусалба терахьца). Дуьненчу валар а, дукхах долу дахар а Андалусехь (таханлера Испанехь) хилла цуьнан. Дукха жималлехь дуьйна Iилма Iамош хилла иза. Iилманаш, говзаллаш, белхаш: 1. ФикъхI Iилмангахь воккха говзанча хилла иза. Маликий мазхIаб довзарал совнаха, кхидолу мазхIабаш а девзаш хилла цунна кIорггера. Цо яздина долу «Бидайатул-мужтахIид» жайна тхан факультетехь (Мединатера Бусалба дин Iаморан университетера ШариIатан факультетехь) фикъхI Iилманна Iамош дара, диъ шарахь.[1] Оцу кепара яздина жайна, иштта и санна дика яздина жайна кхин дан а дац. 2. ФикъхIан баххаш цIе йолчу Iилма а дикка девзаш хилла цунна. Имам ГIазалин «Ал-мустасфа» жайна дацдеш яздина жайна ду цуьнан цу Iилмангахь алсам девзаш дерг. 3. Къеда. Шен гIалахь къеда (судья) болх бина цо доьххьара, тIаккха дукха хан ялале уггар гIараяьлла йолчу шахьарехь – Кордовехь – «къеданийн къеда» хилла иза (таханлера «верховный судья» йа «министр юстиции»). 4. Философи. Аристотелан философин жайнаш нисдинарг а, туодинарг а, церан маьIна динарг а ву иза. Европийна и философи цуьнгахула евзина ю. Цу хьокъехь яздина дуккха жайнаш ду цуьнан. 5. Бусалба кхетамийн (Iилмул-калам) Iилманча а хилла иза. Масех жайна ду цуьнан цу Iилмангахь. 7. Лоьралла. ГIараваьлла вевзаш волу лор а хилла иза. Лоьраллих лаьцна 20 сов жайна ду цуьнан, гIараяьлла евзаш йолу «Ал-куллиййат» энциклопеди йоцург. ФикъхIехь фатва цуьнгара лахаре терра, лоьраллийца доьзна долчу хаттаршна а жоп лохуш хилла цуьнгара, тIетевжаш хилла цунна. 8. Политикан Iилма а дика девзаш хилла цунна. Иза гуш ду цо Аристотелан жайнин маьIна деш яздинчу жайнашкахь. Деккъа цхьа динан Iилманаш девзина ца Iаш, дахаран Iилманашкахь а говзанча волуш, лаккхарчу тIегIана тIехь, лаккхарчу даржехь… Хьалхалера вайн Iеламнехан дозалла гойтуш цхьа масал ду иза. Цара динан Iилманаш а, дахаран Iилманаш а Iамош хилла хиларан цхьа масал ду иза. Ткъа и девзича, цуьнан дахарх лаьцна дешча, коьрте догIу хаттарш: муха хилла-те и цхьа Iеламстаг оццул дукха Iилманаш девзаш? Муха гулдина-те цо уьш дерриге? Иштта йоккха лар муха йитина-те цо шен дахарехь а, шел тIаьхьа а (лоьралла, Европина философи дIакхачийнарг, динан Iилманийн воккха говзанча)? Хетарехь, цу хаттаршна жоп цунах лаьцна яздинчу цхьаболчу терахьхоша аьлларг ду: «Шен дерриге дахарехь шина буьйсанна бен ешар а, яздар а дитина хилла дац цо цкъаъа. И ши буьйса: цо зуда ялийна хилла буьйса а ю, цуьнан да велла хилла буьйса а ю». Цхьаъа де, цхьаъа буьйса тIехйо́луьйтуш ца хилла цо еша ца йоьшуш, яз ца деш. Оцу къахьегаро вина цунах Имам Ибн Рушд. Дала къинхетам бойла цунах. Дала вайна масал хуьлийтийла цунах.
[1] И жайна хьеха хIотторан а, харжаран а бахьана дуьйцуш, Шейх Мухьаммад ал-Мухтар аш-Шинкъи́тIийс элира: «Оцу университетехь доьшур берш тайп-тайпана мехкашкара дешархой хир болу дела, оцу мехкашкахь лелош дерш тайп-тайпана мазхIабаш долу дела, дешархошна дерриге мазхIабаш довзуьйтур долу жайна оьшу дела хаьржина хилла ду иза. Дерриге мазхIабашкахь дерг дуьйцуш, уьш тайп-тайпана хиларан бахьана а дуьйцуш, цара шаьш олург хIунда аьлла а дуьйцуш, хIоранне тешалла (далил) а дуьйцуш».
|